|
|
|
IУЬЙРАННА А, СУЬЙРАННА А ДЕШ ДОЛУ ЗИКР А, ПАРЗ-ЛАМАЗАЛ ТIАЬХЬА ДОККХУ ТАСБИХЬ А ____________________________________________________________
КЪИНХЕТАМЕ
А, КЪИНХЕТАМ БЕШ А ВОЛЧУ АЛЛАХIАН ЦIАРЦА!
Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь:
[Со хьаха ве аш, Ас шу а хьахор ду (тIаккха); Суна шукр
а де, Соьца керстаналла а ма де]
IУЬЙРАННА А, СУЬЙРАННА А ДЕШ ДОЛУ ЗИКР
Iуьйранна
а, суьйранна а, дIавижале а Áйатул-курсий дешнарг шайтIанах ларвийр
ву:
"АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул
къоййýм, лá таъхузухIý синатув-валá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил
ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва
мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа
курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул
Iазúм".[1]
Iуьйранна а, суьйранна а хIара сýраташ доьшур ду, кхокх-кхозза:
"БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул хIуваллóхIу ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад. Ва лам
йакуллахIу куфуван ахьад".[2]
"БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу
бироббил фалакъ. Мин шарри мá холакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъоб. Ва
мин шарриннаффáсáти фил Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад".[3]
"БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу
бироббиннáс. Маликиннáс. ИлáхIиннáс. Мин шаррил васвáсил хоннáс. Аллазú
йувасвису фú судýриннáс. Минал жиннати ваннáс".[4]
Iуьйранна а, суьйранна а
хIара доIа дийр ду цхьаццозза:
"АллóхIумма анта роббú, лá илáхIа иллá анта,
халакътанú, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту.
АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу
бизанбú, фагIфир лú, фаиннахIý лá йагIфируззунýба иллá анта"[5]
Нагахь
санна цунах баккъалла а теша а тешаш суьйранна аьлча, тIаккха и аьллачуьна цу
буса валар нислахь иза йалсамане гIур ву, нагахь санна иза иштта Iуьйранна
ала а аьлла, и аьлларг цу дийнахь лахь – иза йалсамане гIур ву.
Iуьйранна а, суьйранна а
хIара доIа дийр ду цхьаццозза:
"АллóхIумма IáлималгIайби вашшахIáдати,
фáтIирассамáвáти валъарди, робба кулли шайъин ва малúкахIý, ашхIаду аллá
илáхIа иллá анта, аIýзу бика мин шарри нафсú, ва мин шарришшайтIóни ва
ширкихIú, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррахIý илá муслим".[6]
Iуьйранна а, суьйранна а
кхокх-кхозза эр ду:
"Родúту биллáхIи роббан, ва бил ислáми дúнан, ва
бимухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан".[7]
Iуьйранна а, суьйранна а
кхокх-кхозза эр ду:
"БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú
шайъун филъарди, ва лá фиссамáи, ва хIувассамúIул Iалúм".[8]
Iуьйранна
а, суьйранна а, дIавуьжучу хенахь а цхьаццозза доьшур ду:
"АллóхIумма иннú асъалукал Iафва валIáфийата
фиддунйá вал áхирати, аллóхIумма иннú асъалукал Iафва валIáфийата фú дúнú ва
дунйáйа, ва ахIлú, ва мáлú. АллóхIуммастур Iаврáтú, ва áмин равIáтú,
аллóхIуммахьфазнú мин байни йадаййа, ва мин халфú, ва Iан йамúнú, ва Iан
шимáлú ва мин фавкъú, ва аIýзу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú".[9]
Iуьйранна
цкъа доьшур ду:
"АллóхIумма бика асбахьнá, ва бика амсайнá, ва бика
нахьйá, ва бика намýту, ва илайканнушýр".[10]
Iуьйранна цкъа доьшур ду:
" АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва
ризкъан тIоййибан, ва Iамалан мутакъаббалан".[11]
Iуьйранна цкъа доьшур ду:
"Асбахьнá ва асбахьал мулку лиллáхIи вальхамду
лиллáхIи, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва
лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Робби асъалука хайра мá фú
хIáзал йавми ва хайра мá баIдахI, ва аIýзу бика мин шарри мá фú хIáзал йавми
ва шарри мá баIдахI. Робби аIýзу бика минал касали ва сýилкибар, робби аIýзу
бика мин Iазáбин финнáри ва Iазáбин филкъабр".[12]
суьйранна
доьшуш хилча иштта ала деза:
"Амсайна ва амсал мулку лиллáхIи, валхьамдулиллáхI…".[13]
Суьйранна
цкъа доьшур ду:
"АллóхIумма бика асбахьнá, ва бика амсайнá, ва бика
нахьйá, ва бика намýту, ва илайкал масúр".[14]
ХIара доIа кхозза суьйранна дешча а, йа
ша новкъа воьдуш волуш сецначу меттехь дешча а, йа кхечу муьлххачу меттехь,
муьлхха хенахь дешча, цу меттера иза дIаваллалц цхьане а хIумано зен дийр дац
цунна:
"АIýзу бикалимáтиллáхIиттáммáти мин шарри мá
халакъ".[15]
ПАРЗ-ЛАМАЗАЛ ТIАЬХЬА ДОККХУШ ДОЛУ ТАСБИХЬ
"АстагIфируллахI"
- эра ду кхозза.[16]
"АллóхIумма антассалáму ва минкассалáм, табáракта йá
залджалáли вал-икрóм. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI,
лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. АллóхIумма лá
мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá йанфаIу залжадди
минкал-джадд".[17]
"Лá илáхIа
иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува
Iалá кулли шайъин къадúр. Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI, лá илáхIа
иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI. ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва
лахIуссанáул-хьасан. Лá илáхIа иллаллóхIу мухлисúна лахIуддúна ва лав
карихIал-кáфирýн".[18]
Áйатул-курсий
доьшур ду:
"АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул
къоййýм, лá таъхузухIý синатуввалá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил ард,
манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá
холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа
курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул
Iазúм".[19]
"СубхьáналлáхI" - 33-зза эр ду. [20]
"АлхьамдулиллáхI" - 33-зза эр ду. [21]
"АллóхIу акбар" - 33-зза эр ду. [22]
БIе зикр хьаладузуьйтуш
хIара эр ду:
"Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка
лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр".[23]
Iуьйра
а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа кхокх-кхозза доьшур ду хIара сураташ,
дисинчу парз-ламазел тIаьхьа цкъа доьшур ду:
[Къул хIуваллóхIу ахьад…]
[Къул аIýзу бироббил-фалакъ…]
[Къул аIýзу бироббиннáс..]
ХIара
зикр Iуьйра а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа иттозза доьшур ду:
"Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка
лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду йухьйú ва йумúту ва хIува Iалá кулли
шайъин къадúр".[24]
[1]
×АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза,
даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна,
Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат
дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа
дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна
лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсий», и шиъ лардаро
хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву ИзаØ
[2]
×Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
×Ахь ала: Иза АллахI ву, Цхьаъ волу! Даим дийна волу,
массо халкъана оьшуш волу, Шена халкъера хIумма а оьшуш воцу! Цхьа а вац Цунах
схьа ваьлла, я дех-ненах схьаваьлла а вац Иза! Накъост хилла а вац Цуьнан цхьа
а!Ø
[3]
×Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
×Ахь ала: со ларло сатасаран Делаца! Цо кхоьллинчу
массо хIуманан вонах! Бодане буьйса тIееъча, цуьнан вонах а! Шеддашна тIе хIупп
бохучу зударийн вонах а! ХьагI йолчуьнан вонах а, цо хьагI лелочу хенахь!Ø
[4]
×Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!×Ахь ала: со ларло Адамийн Элаца! Адамийн Паччахьца.
Адамийн Делаца! Дела хьахийча гучара долучун (вонах), дагчу вон ойланаш
туьйсучун вонах! Адамийн дегнаш чу вон ойланаш кхуьссуш долчу! Адамашха а,
жинашха долчуьнах а!Ø
[5] «Йа АллахI! Хьо ву сан Эла, Хьо воцург кхин Дела вац,
Ахь кхоьллина со, со Хьан лай ву, сайн ницкъ ма-кхоччу Хьан ваIд тIехь (Хьуна
муьтIахь) ву со, со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу
ниIматна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна, баккъалла а
къиношна гечдеш верг Хьо бен вац-кх!»
[6] «Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш
верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Эла, массо
хIуманан паччахь! Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела цахиларца, сайн син вонах
лар ло со Хьоьца, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а лар ло со Хьоьца, ас айса
сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе дехьадаккхарх а лар ло
со Хьоьца».
[7] «Со реза хили АллахI сайн Дела хиларна, Ислам сайн
дин хиларна, Мухьаммад сайн элча а, пайхамар а хиларна!»
[8] «АллахIан цIарца, Шен цIарца хилча лаьттахь а,
стиглахь а долчу цхьа а хIумано зен ца деш волчу (АллахIан цIарца), Иза Хезаш
а, Хууш а ву!»
[9] «Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, ирс а (беркат а)
доьху Хьоьга, дуьненахь а, эхартахь а. Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, сан
динехь а, сан дахарехь а, сан охIлунна а, сан даьхнина а беркат а доьху Хьоьга.
Йа АллахI! Сан (вон) къайленаш къайла яхийта Ахь, сан кхерамаш а суна кхерамаза
бе Ахь. Йа АллахI! Со ларве Ахь хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор
а, тIехула а. (Йа АллахI) Хьан воккхаллийца ларло со, мохк бегийна со валарх».
[10] «Йа АллахI!
Хьан пурбанца Iуьйренга доьвли тхо, Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан
пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, деллачул тIаьхьа Хьоьга
дерзар а ду тхан».
[11] «Йа АллахI! Ас пайдане Iилма а доьху Хьоьга, дика-цIена
рицкъа а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга».
[12] «Iуьйренга доьвли вай, хIокху Iуьйранна паччахьалла а
АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву
Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо
хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Эла! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь долу
дика а, хIокхул тIаьхьа долу дика а, со Хьоьца лар а ло хIокху дийнахь долчу
вонах, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а. Сан Эла! Со Хьоьца ларло малонах,
кураллин вонах. Сан Эла! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь
долчу Iазапах а».
[13] «Суьйренга
доьвли вай, хIокху суьйранна паччахьалла а АллахIан ду, АллахIана хастам а бу
…»
[14] «Йа АллахI! Хьан пурбанца Iуьйренга доьвли тхо, Хьан
пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала
а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан».
[15] «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу
массо хIуманийн вонах!»
[16] «АллахIе гечдар доьху ас» (кхозза эр ду)
[17] «Йа АллахI! Хьо массо кхачамбацарех маьрша верг ву,
маршо Хьоьгара а ю, беркате ву Хьо, хIай Сийлахьаллин а, Комаьршаллин а да
верг. АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац,
паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш
а ву. Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг
дала а цхьа вац, дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа
ирс Хьоьгара ду».
[18] «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца
накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна
тIехь ницкъ болуш а ву. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург. АллахI
воцург кхин Дела вац, Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац, ниIмат а Цуьнан
ду, дозалла а Цуьнан ду, хаза хестор а Цуьнан хьакъ ду, АллахI воцург кхин Дела
вац (олу вай), цIенчу даггара, Цуьнан доьхьа, керста нахана иза цадезахь а». [19] ×АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсий», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву ИзаØ. И áйат хIора парз-ламазал тIаьхьа доьшуш волчунна ялсамани чу ваха дуьсуш хIума дац, валар доцург.
[20] «ЦIена ву АллахI».
[21] «Хастам бу АллахIана».
[22] «Массо хIумнал воккха ву АллахI». [23] «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву».
Парз-ламазал тIаьхьа иштта и дешнаш
аьллачунна гечдийр ду цуьнан къинош, хIурдан чопа санна уьш дукха хилахь а.
[24] «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца
накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, (Шена луъург) ден во
Цо, вала а волуьйту. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву».
|