|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! Сийлахь-везчу АллахIе доьху ас хьо Цо Шен дин тIехь чIагIйар, дуьненахь а, эхартахь а хьо сийлахь хир йолуш, ирсе хир йолуш Цо Шен дин лело хьуна хьуьнар а, доьналла а, ийман а далар, бакъдолуш таханлера заманахь бусалба зудчунна а, йоIана а бакъдолу доьналла а, дика ийман а оьшу АллахI реза хир волчу некъа тIехь чекхйа́ла. ТIаккха хьуна хаийта лаьа суна, АллахIа доьхьа бусалба духар лелош йолу хьо – къо́ман жовхIар ду, юкъараллин сийлахьалла а ю; борша стагца дуьстича, Дала хьайн кхоллар гIийла кхоьллиншехь Дела реза ван гIерташ йолу хьо – доьналлин масала ду хьо массо нахана. Бусалба йоI, бусалба зуда! Вайн таханлерачу хьолехь, ахь хьайн динца а, хьайн къоман оьздангаллийца а догIуш долу духар лелийча, ур-атталла гергарчарна а тIехь хийра хеташ йолу хьо, хьайна мел хуьлуш йолу халонаш лан а ловш, хьайн сий а, хьайн иэхь а, хьайн дин а лардан гIерташ схьайогIуш йолу хьо – хесто хьакъ ю хьо, йийца а хьакъ ю хьо, сий дан а хьакъ ю хьо, лерам бан а хьакъ ю хьо! Хьайн оьзда духар лелорца хьайн ден-ненан сий ди ахь, йиша-вешин сий ди ахь, хьайна гонахара адамийн сий ди ахь, баккхийчеран сий ди ахь, тIекхуьучу берийн сий ди ахь, массаьрца а гIиллакх леци ахь – лекха хинволчу волчу АллахI-Дала сий дойла хьан, Цо Шен Фирдавс ялсамани а лойла хьуна! Амма ахь хоьттучу хаттарх лаьцна аьлча... Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́на – Дала Iалаш войла иза – аьлла: «Жимма хьалха вай хьахийра, зудчо хеча юха мегаш ду аьлла. Мегаш хиларал сов, суннатехь деана ду иза юхар дика хилар, хIунда аьлча цо зудчуьнан дIахьулйан еза меженаш дикка дIахьулйо дела. Делахь а кхузахь хаа деза, (хьалха-хьалха) зудчо хеча шен духаршна чухула юхуш хилла хилар. Ткъа нагахь санна зудчо таханлера заманахь божарша ма юххара хеча юхахь, цунна тIехула кхин духар а ца духуш, йа еха коч а ца юхуш – иза мегаш хIума дац. ХIунда аьлча божарийн хеча дукха хьолехь готта хуьлу, стеган меженийн куц-кеп гучудоккхуш хуьлу, тIаккха зудчо иштта хеча йоьхча, иза божарийн духарх тарлуш хуьлу. Ткъа нагахь санна зудчо шуьйра, томма хеча юхахь, шен когийн хьоркашна тIекхочуш а йолуш, чекх са гуш а йоцуш, меженаш къастош куц-кеп гучудоккхуш а йоцуш, къилбаседа Iира́къера курдойн зударша санна, кхи тIехула духар а ца духуш, делахь а шен дегI къайла а доккхуш – ишттачу хьолехь ала догIуш хила мега: - «иза зударийн духар божарийн духарх тардала ца магош даьхкинчу хьадисашна юкъа ца йогIу» - аьлла, нагахь санна оцу къо́ма юкъахь иштта лелаш делахь, божарша ма йоххара иштта хечеш зударша а юхуш».[1] Бусалба нах керста-нахе хье́жа бовллалц, керста-нахера мо́данаш хьаиййан бовллалц, бусалба зударшна юкъахь хIинццалц схьа цкъаъа хилла дац гучахь хеча лелор. Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь хилла дац иза, асхьабийн – Дела реза хуьлда царна – зударша а лелийна яц иза, йа цул тIаьхьа хиллачу дикчу нахана юкъахь а дуьйцуш хезна хилла дац иза. Ткъа вайн къома юкъахь-м хиллане а хилла дац, йа вайн къоман оьздангаллийца догIуш хIума а дац иза. ТIехула охьахецна кхин духар а доцуш, хеча а йоьхна зуда араялар бусалба динехь мегаш хIума дац, хIунда аьлча цунах хуьлуш даккхий зенаш ду, цо зудчуьнан дегIан меженашна куц хIоттош ду, иза зуда божарех тарйалар ду, цо божарийн бIаьргаш зудчуьнгахьа дерзадо, цуьнца цхьаьна вон ойланаш а латтайо. Цундела бусалба зуда ларйала еза оцу сийсазаллих, оцу иэхьда́рах, оцу питанах. Ткъа нагахь санна и хеча хила ма-езза юьйхинчу еха куча чухула елахь, йа цунна тIехула еха кофта елахь, тIаккха къилахь дац иза лелор. Бакъду, нагахь санна тIехула дуьйхина духар – хуьлийла коч, йа кофта, йа кхийолу хIума – голаш тIекхаччалц бен дацахь, тIаккха мегар дац хеча лело, хIунда аьлча вай хьехийна долу и зенаш дерриге цуьнца ца хилахь а, цхьадерг ца хуьлуш ца юьссу иза. ТIаккха, голаш тIе кхаччалц хилча мегар ю аьлча, до́лу́ш кхин а гена дала тарло иза, керста-нахах тарбала луучарна бахьана хила а тарло цунах, ткъа хир долчуьнан тIаьхьлонга хьажар лар ца дича ца долуш хIума ду, хьарам-хьанал къасторехь лелаш бакъо а ю иза. Нагахь санна тIехула духу духар голел дикка охьадолуш делахь, масала голашна а, когийн хьоркашна а юккъехь нислурриг, тIаккха цу буххула йоьхна хеча шуьйра а хир елахь, когийн барам гучубоккхур боцуш (тIелетта хир йоцуш), тIаккха и иштта лелош йолу зуда нехан бага а гIур яцахь, нехан бIаьргаш тIе а хIуьттур дацахь – ишттачу хьолехь оцу кхаа билламца лело мегаш хила тарло иза, хьарам ду олийла доцуш. ХIетте а, иза хьарам дацахь а, ас хьехар ца до хьуна иза иштта лелор, хIунда аьлча иза вайн къома юкъахь девзачу бусалба духарх къаьсташ долу дела. Амма нахана юкъа йолучу хенахь а доцуш, хийра божаршна гучахь а доцуш, хьайн чохь хеча лелорах лаьцна аьлча – иза мегар ду, голаш тIе кхочуш халат, йа кофта хилчахьана, хIунда аьлча гIиллакхехь дац, хаза а дац хьо хьайн дена хьалха еккъа хеча юьйхина лелар, иштта вешина хьалха а. Ткъа къаьсттина майрачунна хьалха хилча, йа къаьсттина нанна а, йишийна а хьалха хилча – иза а мегаш ду, тIехула юьйхина цхьаъа хIума яцахь а, коч а, халат а, хIумма а яцахь а, цхьана билламца: керста-зударех тарйала лууш лелош ца хилчахьана. Юха а сийлахь АллахIе доьху ас Цо хьоьх Шен къинхетам бар, Цо хьан ший а дахар ирсе дар! Ткъа дика хуург АллахI ву! 13.07.2009
|