|
|
| Видео |
|
Хаттар: Де дика дойла! Зудчунна месаш хедо мегий? Дела реза хилла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Далла езийла! Имам Муслима (Дала къинхетам бойла цунах) дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хIусамнаноша (Дела реза хуьлда царна) шайн месаш жимйора аьлла. Жимйаран куц дуьйцуш оцу хьадисехь деанчу дешан маьIна Iеламнаха шина кепара дина: 1) белш тIекхаччалц яцйора цара, 2) лергел совйовлуш хир йоццучул яцйора цара, хIара шолгIаниг нийсох лоруш дерг а ду. Цуьнан маьIна деш, Имам Нававийс дийцина, къеда хилла волчу Iийа́дера схьа (Дала къинхетам бойла цаьршинах), цара шайн месаш яцйар Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) веллачул тIаьхьа хилла ду аьлла, цуьнан хIусамнаноша и хIума хазлуш а, кечлуш а дина ца хилла, шайна месаш лело атта хилийта дина хилла аьлла. Кхин а, оцу хьадисо гойтуш ду аьлла Имам Нававийс, зудчо шен месаш яцйан мегаш хилар.[1] Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хIусамнаноша (Дела реза хуьлда царна) шайн месаш кечлуш яцйина ца хилла, хIунда аьлча уьш цул тIаьхьа кхечуьнга маре баха йиш йолуш ца хилла. Цигара схьа девза вайна, хIетахь царна юкъахь а еха месаш хилар хазалла лоруш хилла хилар, тахана вайна юкъахь санна. Еха месаш хилар зудчуьнан хаза хиларх лоруш ду, тахана вайна юкъахь а, хьалха-хьалха дуьйна кхечарна юкъахь а. Ткъа и месаш яцйар – уьш еха йолчура дIаяхар ду, иштта, зудчуьнан хазалла дIаяккхар а ду. Цу тIе а тевжина, цхьаболчу Iеламнаха, месаш яцйан йа мегар дац аьлла, йа дика дац аьлла.[2] Ткъа, Имам Нававийс уьш яцйан мегар ду аьлла хилар вай жимма хьалха хьахийра, кхин а, таханлера дуккха а Iеламнаха а уьш яцйан мегар ду аьлла, шина билламца: божарех тарлучу кепара ца яцйар а, керста зударех тарйала гIерташ ца яцйар а. Таханлерачу иштта аьллачу Iеламнахах бу Iабдул-Карим Зайдан а, Ибн Iусаймин а, Ибн Баз а, Мухьаммад Ал-Хьасан Ад-Дадв а, кхиберш а.[3] Ша́ и хIума хьарам хиларна, йа дика ца хиларна билггал далил дац аьлла хIокху Iеламнаха. Цундела, дукхах болчу Iеламнаха ма-аллара, месаш яцйан а, жимйан а, хедо а мегар ду, зуда божарех тера хир йолчу кепара ца яцйичахьана, керста зударех тарйала лууш яцйеш а ца хилчахьана. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 19.03.2010 = 03/04/1431 [1] Имам Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 4/23. [2] ИздихIар бинт Махьмуд Ал-Маданий, «Ахька́му таджми́лин-ниса́ъ», 128-129. [3] Шейх Iабдул-Карим Зайда́н, «Ал-муфассал фи ахькамил-маръати вал-байтил-муслим», 3/399-400; ИздихIар бинт Махьмуд Ал-Маданий, «Ахька́му таджми́лин-ниса́ъ», 128-129.
| КхидIа |