Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI!

Сан хаттар дара: масала хIусам-да молуш хилча, хIусам-нана дIаяха йиш йолуш юй, цо йитина йоцуш?

АЛЛАХI реза хуьлийла сан хаттарна тидам барна!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И санна долчу хаттарна жоп луш, цу хьокъехь сацам бина Европера Фатван а, Талламийн а Гуламо (сацам № 8/6). Оцу жоьпан а, сацаман а коьрта чулацам иштта бу:

«Доьзал кхоллар – чIагIбеш бина барт бу, сийлахь-лераме зIе а ю. Цо вовшахтуху стаг а, зуда а лекха хинволчу АллахIан Жайни тIехь а, Цуьнан Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Суннат тIехь а. Цо и шиъ хуьлуьйту вовший духар санна, оцу зIена куц луш лекха хинволчу АллахIа ма-аллара: [Уьш шуна (шу вочух лардеш долу, даим шуьца цхьаьна долу) духар (санна) бу, шу царна а духар (санна) ду].[1] Ткъа оцу «духар» бохучу дашо луш долчу маьIнех ду уллера хилар а, цхьаьнахилар а, йовхо хилар а, хазалла хилар а…

Цундела майрачунна а, зудчунна а шинненна а тIехь ду вовший дика хилар, вовший собаре хилар. Майрачунна мегаш дац шен зудчунна зен деш иза йитар, хIунда аьлча цу балхо и юкъахьара хIоттам бохабо дела, зудчуьнан дог а дохадо дела, цхьаъа бахьана а доцуш, йа бехказло а йоцуш наннна а берашна а юкъахь къастам бо дела. И бахьана долуш лоруш ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь къастам бар даккхийчу къинойх, Иблисана уггар дукха дезачу гIулкхех а ду иза, цхьадолчу хьадисашкахь деана ма-хиллара.

Майрачунна мегаш ца хилча, цхьаъа бахьана доцуш, шен зудчунна зен деш иза йитар, иштта мегаш дац зудчунна а шена майрачуьнга ша́ йитар деха, иза могуьйтуш долу бахьана а доцуш. Ахьмада а, Тирмизийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, Савбанера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хилла зен а доцуш, шен майрачуьнга ша́ йитар дехна йолчу зудчунна ялсаманин хьожа хьарам ю». Тирмизийс «дика» ду аьлла и хьадис. Ткъа оцу хьадисах схьагуш долу маьIна: цхьа бахьана а долуш, цхьа зен хилла а долуш цо ша йитар дехахь, оцу хьолехь иза къилахь ца хилар ду.

Ткъа, майра Далла Iеса хилар, иза къинош летош (фа́сикъ) хилар, зуда йитар тIедожош долу, йа зудчо ша йитар деха магош долу бахьана дуй?

Шеко яц, Далла Iеса хуьлурш а, къинош леториш а шайн оцу Iесаллехь тайп-тайпана хилар а, шайн зударшца лелочу юкъаметтигца тайп-тайпана хилар а. Церах цхьаболчарна лууш хуьлу шаьш къинош леточу хенахь шайн зударша шайна гIо дар, масала шайна цара къаьркъа далар, ткъа иза хьарам ду цу зударшна. Ишттачу хьолехь йолчу зудчунна мегаш ду ша́ йитар деха, майрачо бохург дича шена хила тарлуш долу къа шена ца хилийтархьама.

Церах цхьаболчара шайн зударшца йолу юкъаметтиг вон хуьлуьйту, царна зенаш до, царна новкъарлонаш йо. Оцу хьолехь йолчу зудчуьнан а бакъо ю ша́ йитар деха. Къаьсттина чIогIа и бакъо чIагIло нагахь санна майра цу хIумана тIера юхаволуш вацахь, цо тоба дийр дар-кха, иза нислур вар-кха аьлла даха дог а дацахь.

ТIаккха, церах цхьаберш бу йа иштта а, йа вуьшта а боцуш, шайн зударшца дика а болуш. И санна болчу майройн хьокъехь тайп-тайпана дешнаш ду Iелам-наха аьлла. Дукхах болчу Iелам-нахана гергахь, мало еш ламаз ца дийриг Iеса лоруш ву, къа латош лоруш ву, бусалба динах юхакхеттаволу керста лоруш вац. Цу тIедоьгIна аьлча, цунна а, цуьнан зудчунна юкъахь къастам бар важиб дац.

Ткъа кхузахь тхуна гIолий хеташ дерг иштта ду: нагахь санна зуда шен майра Деле воьрзур хиларга догдохуш елахь, хьехаро а, хьехамо а цунна Iаткъам бийра хиларга догдохийла елахь, цуьнан туолур хиларга догдохийла елахь, собаре хила еза иза цуьнца, иза ламаз деш вацахь а, иза къаьркъа молуш велахь а. Къаьсттина чIогIа чIагIло цо сатоха дезар нагахь санна царна юкъахь бераш делахь, уьш дIасадаржарн а а, дохарна а кхерам белахь. Бакъду, цхьа биллам бу иза иштта волчу майрачуьнца собаре хила езарна – ламаз ца дар мегаш ду аьлла хеташ хила а ца веза майра, къаьркъа малар мегаш ду аьлла хеташ хила а ца веза. Цуьнан иштта кхетам белахь, зуда майрачух къастош долчу билггалчу керстаналлий тIе волу иза».[2]

Цундела, нагахь санна майрачо шена къаьркъа дотта, йа иэца, йа хьалхадилла бохуш хьийзош елахь, йа къаьркъа молучу хенахь, йа меллачул тIаьхьа зудчунна цхьа зен деш делахь, новкъарлонаш еш хьийзош елахь, тIаккха и зенаш а, халонаш а сатохалур долуш дацахь – зудчо ша́ йитар деха мегар ду. Нагахь санна хьал оцу кепара дацахь – тIаккха собаре хилар гIолий ду цунна, сатохар гIолий ду.

Амма иза йитина а йоцуш чура ара а яьлла дIаяхар – цунах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь:

Майрачуьнгара пурба доцуш зуда шен цIа дIаяхар муха ду?

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

26.12.2009 - ‏1431‏.01‏.09


 

[1] Сурат «Ал-Бакъарат», 187-чу айатан да́къа.

[2] Кхузахь билгалдича дика хир ду, цхьаболчу Iелам-наха, майра къаьркъа молуш хилчахьана зудчунна ша́ йитар деха бакъо луш хилар, зен хуьлуш делахь а, дацахь а. Делахь а, вайн хьолаца догIуш дерг лакхахь вай дийцинарг ду, цундела цуьнца жоп делла вай. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!