|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ахь хоьттучу хьолехь иштта куьг хьакхар мегаш ду, Дала мукъа лахь, нагахь санна хьуна «куьг хьакхар» бохучух лууш дерг цуьнан доьххьала дIа долу маьIна делахь. Ткъа, хьайд долуш йолчу зудчунца марзо иэцарх лаьцна вай дийцира хIокху хаттарехь: Хьайд долуш йолчу зудчуьнца дIавижа мегий? Цигахь девзар ду хьуна, Дала мукъа лахь, цу хаттаран хьокъехь Iелам-наха аьлла дерг а, цуьнан далилаш а. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 13.07.2009
|