Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Цхьа хаттар дара сан. Суна хеззера зударшна магийна дац аьлла, герз керахь долуш гIазот дан. Иза мел бакъ ду? Дехар ду хIокху хаттарна жоп далар. Дела реза хуьлда.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хууш ма-хиллара, гIазот шина декъе декъалуш ду: фард кифайахI, фард Iайн. Фард кифайахI – цхьаболчара дича вукхарна тIерадолуш дерг ду. Фард Iайн – хIораммо дан дезаш тIедужуш дерг ду.

Фард кифайахI долу гIазот зударшна тIехь дац, йа цара иштта меттехь герзаца тIом бан безаш а бац. Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ал-Ваджи́з» жайни тIехь билгалдина, фард кифайахI долу гIазот зударшна тIе́радо́луш хилар.[1]

Имам ГIазалис цу хьокъехь аьллачуьнан маьIна деш, Имам Ар-Ро́фиIийс – Дала къинхетам бойла цунах –  аьлла: «Зударшна тIехь дац (фард кифайахI долу) гIазот дар, хIунда аьлча дукха хьолехь цаьрга тIом ца бало, шаьш гIийла хиларна. Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хиллера аьлла дийцина ду, - «зударшна тIехь джихIад дуй?» - аьлла. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта жоп делла хилла: «Ду, шеца тIом боцу джихIад ду царна тIехь – хьадж а, Iумрат а».[2] Цу хьадисо гойтуш ду, царна герз (лелор) царна тIедожийна ца хилар. Бакъду, мегаш ду паччахьо (шена лаахь) зударшна а, божаберашна а гIазоте баха бакъо йала а, шайца уьш гIазоте бига а, оьшучунна хи далийта а, лазийначарна дарба леладайта а».[3]

Амма гIазот фард Iайн хилча – цунах лаьцна аьлла Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах: «Нагахь санна керста-нах бусалба нехан лаьтта тIе багIахь, ницкъ кхочуш болчарна массарна а тIедужу царна доьхьал тIом бар; иза тIедужу лайна а, зудчунна а (нагахь санна зудчуьнан тIом бан ницкъ белахь)».[4]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах –  аьлла цу хьокъехь: «Нагахь санна керста-нах бусалба нехан махка чу бовлахь, йа цу чу бахка лууш дозанехь лаьтташ хилахь, гIазот дар фард Iайн хуьлу. … Цу махкахь Iаш болчу нахана хIоранна а тIедужу уьш бухатохар, шайн ницкъ кхочучу кепара.

ТIаккха, уьш бухатохар шина хьолехь хила йиш йолуш ду. Хьалхара хьал - бусалба нехан царна доьхьало йан цхьаьнакхета а, тIамна кечбала а, цунна кечам бан аьтту болуш хилар ду. ХIокху хьолехь массарна тIедужуш ду, мискачунна а, хьолахочунна а тIехь ду шен ницкъ кхоччучу кепара хIораммо цунна кечам бар. Нагахь санна лайш цхьаьна ца хилча цаьрга доьхьало йалуш яцахь, лайшна а тIедужу цаьрца арабовлар. Цундела, цу гIулкхана цара бакъо еха ца еза шайн элашкара. Ткъа нагахь санна лайш ара ца бевлча а цаьрга доьхьало йалуш елахь, цу хьокъехь Iелам-нехан ши дош ду: цаьршиннах нийса дерг уьш арабовла безаш хилар ду, бусалба нехан дегнаш доьхьало йар тIехь чIагIдалийтархьама а, церан ницкъ совбалийтархьама а, тохар чIогIа хилийтархьама а. ШолгIачу агIоно уьш арабовла ца беза бах, хIунда аьлча уьш ца хилча а доьхьало йалуш йолу дела.

Ткъа зударий – нагахь санна уьш доьхьало йан ницкъ болуш бацахь, арабевр бац уьш. Нагахь санна церан и ницкъ белахь – тIаккха уьш лайш санна бу (арабевр бу уьш)».[5]

Бусалба фикъхI Iилмангахь, шафиIийн мазхIабехь сецна дерг и ду. Ткъа тахана иза лело даккхар а, тахана зударшка герз караэца алар а вуно чIогIа хала хIума ду, цу хьокъехь массарна юкъара фатва далар мегар долуш хIума дац, хIунда аьлча зударий гIийла бу, зударшца доьзна долу хIума ша-тайпа тIаламе хIума ду. Цул совнаха, дуккха а Iелам-наха аьлла ду, «зударий тIеман охIлу бац» аьлла.[6] Имам Мухьаммад ибн Ал-Хьасан Аш-Шайбанийс а, цуьнан жайнин маьIна динчу Имам Ас-Сарахсийс а – Дала къинхетам бойла цаьршинах – аьлла: «Дика ца хета тхуна зударша божаршца тIамехь дакъа лацар. ХIунда аьлча, зудчуьнан тIамна мегар болуш дегIан хIоттам боцу дела».[7]

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

07.01.2009


 

[1] Хьажа: Имам ГIаза́ли́, «Ал-Ваджиз фи ФикъхIил-Имам Аш-ШафиIий», 2/188.

[2] И хьадис Ибн Ма́джахIас дийцина ду, нийса а ду, Шейх Ал-Албанийс ма-аллара. «Сахьихь Ибн МаджахI», 2/151.

[3] Имам Ар-РофиIий, «Ал-Iазиз Шархьул-Ваджиз», 11/356.

[4] Имам ГIаза́ли́, «Ал-Ваджиз фи ФикъхIил-Имам Аш-ШафиIий», 2/189.

[5] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-ТIолибин», 10/214.

[6] Шейх Мухьаммад Ибн Ал-Iусайми́н, «Аш-Шархьул-МумтиI Iала Задил-МустакъниI», 8/16; Имам Ибн КъудамахI, «Аш-Шархьул-Кабир», 10/426; Шейх ВахIбахI Аз-Зухьайлий, «Ал-ФикъхIул-Исламийй ва АдиллатухI», 8/37; 

[7] Хьажа: «Шархьус-Сийарил-Кабир», 1/193.