|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Можно ли мусульманке краситься? Бусалба зудчо шен юьхь тIехь хазаллийна басарш дан мегий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба зудчо шен юьхь тIехь хазаллийна басарш дан мега, нагахь санна оцу басарех хуьлуш зен а дацахь, и басар динчул тIаьхьа шена хийра лоруш болчу божаршна хьалха лелар а яцахь. Басарша юьхьна а, могшаллийна а зен дийр делахь, уьш дан мегар дац, хIунда аьлча хьадисехь деана ма-хиллара, адамо ша́-шена зен дар а, кхечунна зен дар а мегаш дац. И басарш динчул тIаьхьа хийра божаршна хьалха лелар елахь а уьш дан мегар дац, хIунда аьлча хийра божаршна зуда кечйалар АллахIа магийна дац, иза питана хуьлу бахьана а ду. Марехь йолчу зудчо и басарш дан мегар ду, майрачо шена пурба лахь, хIунда аьлча майрачунна хазйалар зудчуьнан декхар а ду, мелехь хIума а ду. Нагахь санна майрачунна иза де́зош дацахь, ца деш Iаддита деза басарш дар. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Юьхь (тIе хIума хьакхарца) цIиййар хьарам ду марехь йоцучу зудчунна а, майрачуьнга хатта а ца хоттуш и хIума деш йолчунна а. Амма нагахь санна майрачо и хIума дан пурба лахь – тIаккха мегаш ду иза. И ду цу хаттарехь вайн мазхIабера Iелам-наха аьлларг».[1] ТIаккха, девзаш хила деза, хи чIура тIе ца кхочуьйтуш долу басарш дина хилча, ламаз оьцучу хенахь уьш дIадаха дезаш хилар. ХIунда аьлча ламаз оьцучу хенахь хи чIура тIе кхача дезаш ду, иза важиб ду, ткъа цхьадолчу басарша а, хазаллийна кечлуш лелош йолчу хIуманаша а и хи чIура тIе ца кхочуьйту, цундела уьш тIехь а долуш ламаз иэцар нийса ца хуьлу.[2] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.12.2009
| КхидIа [1] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь муслим», 14/104, кIеззиг хийцам барца. [2] Шейх Iабдул-Карим Зайдан, «Ал-муфассал фи ахькамил-маръати вал-байтил-муслим», 3/397-398.
|