|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа хьадис ду, зудчо арайолуш дагчохь ша божаршана хаза хетийта гIерташ духи тохахь и зина динаг санна хир ю аьлла. Ткъа и духи зудчо вообще тоха ца мега арахь и хилча? Йа дагахь вон хIума а доцуш ара ялале цо уьш тохахь мегаш ду иза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1) Нагахь санна ша́ арайолучу меттехь хийра божарий хир буй зудчунна хууш делахь, мегаш дац цунна IатIар тоьхна араяла, шех царна хаза хьожа яийта цуьнан лаам хиллехь а, ца хиллехь а, цуьнан дагахь вон хIума хиллехь а, ца хиллехь а. ХIунда аьлча, IатIар тоьхна а йолуш, масала иза хийра божарий болчах тIехйолуш хилахь, царна цунах хаза хьожу йогIур ю, уьш цуьнга дIахьуьйсур бу, церах дегнаш гIийла долчара а, дагчохь цамгар йолчара а цунах лаьцна тайп-тайпана ойланаш йийр ю, ткъа и массо хIума зина́на тIевуьгу бахьанаш ду. Ткъа Бусалба дино ша́ и зина хьарам дина ца Iаш, цунна тIевуьгуш долу некъаш а хьарам дина, и зина дожарх бусалба стаг а, зуда а лардалийтархьама. Бухарийс а, Муслима а дийцинчу хьадисехь аьлла ду: «Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – ладогIар ду, меттан зина – къамел ду, куьйган зина – куьг хьакхадалар ду, коган зина – ког баккхар ду». IатIар тоьхна зуда араяла мегаш ца хилар – кечйелла иза араяла мегаш ца хиларна юкъадогIуш ду. Цунах лаьцна вай дийцира хьалха кхузахь: «Бусалба зудчо шен юьхь тIехь хазаллийна басарш дан мегий?» «Бусалба зуда пудар хьаькхна ара яла мегий?» Цул совнаха, и ахь хьайна хаттарехь дийцина долу хьадис доцург кхечу хьадисашкахь деана ду зуда IатIар тоьхна араяла мегаш ца хилар. Насаийс а, Ахьмада а дийцинчу хьадисехь деана ду: «Шух цхьаъ маьждиге йаха арайолуш хилахь, IатIар ма тохийла цо». Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а дийцинчу хьадисехь аьлла ду: «Хаза хьожа йогIу хIума (кIур) тоьхна йолу муьлхха а зуда тхоьца пхьуьйра ламаз дан (маьждиге) ма йогIийла». Ибн Хузаймас а, БайхIакъийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, Абу ХIурайратана (Дела реза хуьлда цунна) уллех цхьа зуда тIехяьлла хиллера аьлла, шех йогIуш чIогIа хьожа а йолуш. ТIаккха цо цуьнга хаьттина: «Хьенех, хьо маьждиге йоьдуш юй? Маьждиге йахархьама тоьхна дуй ахь IатIар?». Цо: «ХIаъ», - аьлча, Абу ХIурайрас аьлла цуьнга: «Яло делахь юха а ерзе, (хьайн цIа а гIой), лийча. Бакъдолуш, суна хезна АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш: «Шех йогIуш (хаза) хьожа а йолуш цхьа зуда маьждиге йаха араяьлча, цуьнан ламаз АллахIа къобал дийр дац, иза шен хIусаме юха а йирзина, лийччалц». Иштта йолчу зудчуьнга лийча алар – шех йогIуш йолу хьожа дIайоккхуш лийча бохург ду. Цхьадолчу хьадисашкахь, ша́ араялале лийча боху маьIна а ду. 2) Амма нагахь санна иза арайолучу меттехь хийра божарий хир бацахь, тIаккха мегаш ду цунна ша́ арайолучу хенахь IатIар тоха. 3) Марехь йолчу зудчо къаьсттина шен майрачунна хазйалархьама IатIар тохар а, иза цунна кечйалар а дика лоруш хIума ду, зудчо лело дезаш а, лардан дезаш а хIума ду, шех вон хьожа ца яийтархьама а, шех и бахьанехь безам ца балийтархьама а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 18.05.2011 = 15.06.1432
|