|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Вайн махкахь и тасбихь массара а ца до жамаIатца, муххале а дукхах болчара жамаIатца ца до иза. Хьалха-хьалха дуьйна суна гуш хилларг иштта дара: имамо, йа цхьамма кхечо цу тасбихь юкъахь догIуш долу зикр а, айаташ а, сураташ а чIогIа доьшу, вукхара шайна хаахь цуьнца цхьаьне шайлахь меллаша тIаьхьара доьшу, ца хуучо цо «субхьаналлахI, алхьамдулиллахI, аллохIу акбар» аьлча уьш олу 33-зза. Ткъа иза Iелам-наха жайнашкахь аьллачуьнца догIуш дерг ду. Парз-ламазал тIаьхьа тасбихь дар а, доIа дарх а лаьцна шафиIийн мазхIабан Iелам-наха – Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рийс а, Имам Аш-Ширби́нийс а, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс а, Имам Ар-Рамлийс а, иштта дуккха а кхиболчара а – аьлла: «Суннат ду ламазал тIаьхьа деш долу зикр а, доIа а аз а ца айдеш къайлах дар, цунах лаьцна даьхкина нийса хьадисаш долу дела; ткъа нагахь санна и зикр а, доIа а дан ца хууш нах белахь, имамо чIогIа дийр ду иза, хаза а хезаш, царна Iаммалц, тIаккха царна иза Iеминчул тIаьхьа, къайлах, меллаша дийр ду».[1] Цу Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – аьллачуьнга вай хьевсича, вайна го и тасбихь хIораммо ша-ша дар суннат хилар а, цу хьокъехь даьхкина нийса хьадисаш хилар а, нагахь санна тасбихь ца хууш нах белахь иза чIогIа дан мегаш хилар а, царна Iаммалц. Ткъа иза массара а цхьаьне жамаIатца дар таханлера цхьаболчу Iелам-наха нийса ца лору, цхьаболчара мегаш лору.[2] Цундела, нагахь санна, жамаIатца тасбихь дар суннат ду, йа иза алсам мелехь ду аьлла кхетам бацахь, ца хуучарна Iаммалц йолчу ханна иза жамаIатца дича гIалат ца хила а мега, делахь а гIолий дерг а, суннатехь деана дерг а хIораммо ша-ша дар ду, ца хууш нах белахь царна Iаммалц имамо чIогIа дар а ду, шафиIийн мазхIабан баккхийчу Iелам-наха ма-аллара. ТIаккха кхузахь цхьа само йан йеза: и санна долу хаттар бахьана долуш бусалба наха вовший барт бохийта мегар дац, йа уьш бахьанехь вовшашна юкъахь оьгIазло кхоллайалийта а мегар дац, хIунда аьлча уьш фикъхIехь Iелам-наха тайп-тайпана къовсуш хаттарш ду, шайна далил кароре терра, ткъа фикъхIан дукхах долу къовсаме хаттаршкахь вовший инкарло йар мегаш дац. Амма бусалба нехан барт ларбар – иза важиб ду.
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! [1] «Аснал-МатIолиб», 2/486, Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансорий; «МугIнил-Мухьтадж», 2/437, Имам Аш-Ширбиний; «НихIайатул-Мухьтадж», 4/396, Имам Ар-Рамлий; «Тухьфатул-Мухьтадж», 6/209, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий. [2] «Фатава Аш-Шейх Ибн Баз», 11/191; «МаджмуI Фатава Аш-Шейх Ибн Iусаймин», 13/261; «Ал-Хьалалу вал-Хьаром», МавкъиIу Дарил-Ифтаил-МисриййахI. |