Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI!
ПIерскана дийнахь Къуран тIера сурат "ал-КахIф" дешча дика ду бохуш хезнера суна, и маца деша дезаш ду, рузбан ламаз дале деша деза и, я рузбанал тIаьхьа дешча а мегаш ду и?
АллахIа диканца бекхам бойла хьуна.!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Абу СаIид Ал-Худрийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПIераскана дийнахь сурат «Ал-КахIф» дешначунна нуьро серло лур ю шина пIераскана дийнахь йолчу ханна».[1]

Уьзза хьадис Абу СаIида (Дела реза хуьлда цунна) ша́ аьлла хиллера аьлла деана ду иштта: «ПIераскана буьйсанна сурат «Ал-КахIф» дешначунна нуьро серло лур ю, цунна а, Ширачу ЦIенна а юкъахь йолчу юкъана».[2]

Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Сурат «Ал-КахIф» дешар дика хета суна, пIераскана дийнахь а, (пIераскана) буьйсанна а, цу хьокъехь даьхкина хьадисаш долу дела».[3]

И ши хьадис доцург, кхин хан билгалйеш деана хIумма а дац Суннатехь. Цундела, цу шина хьадисехь ма-дарра, Имам ШафиIийс а ма-аллара, пIераскана буьйса йолаелча дуьйна, пIераскана дийнахь малх чубуззалц деша мегаш ду иза, шена луъучу хенахь.

Цу хеначохь муьлхха хенахь деша мегаш ду иза, делахь а, Iеламнаха аьлла: и сурат дийнахь дешаран суннат чIогIох ду буьйсанна дешарал а. ТIаккха, дийнахь доьшуш волчо Iуьйра ламазал тIаьхьа дешар хьалхе йолуш ду кхечу хенал а, хIунда аьлча дика хIума дарехь сихо йар ду иза, ткъа дика хIума сихха дар дика хIума ду.[4]

ТIаккха, пIераскана дийнахь сурат «Ал-КахIф» дешар суннат хиларан маьIна дуьйцуш, Iеламнаха аьлла: оцу сурат тIехь дуьйцуш Къемат де ду, цуьнан халонаш а ю, ткъа пIераскана де тера ду Къемат дийнах, адамаш цу шинне дийнахь цхьанакхеташ-гуллуш хиларца; цул совнаха, Имам Муслима дийцинчу хьадисехь ма-дарра, Къемат де пIераскана дийнахь хIуттур долуш а ду.[5] Цундела и де дуьйцуш долу сурат дешар суннат ду пIераскана дийнахь, и де хIотта дезар дагадоуьйтуш, цуьнан халонаш дагайоуьйтуш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

10.04.2010 = ‏25‏/04‏/1431


 

[1] Ан-Наса́ий, Ал-БайхIакъий, Ал-Хьа́ким. Оцу хьадисан шина маьIнех цхьаъ иштта ду: и доьшуш волчунна оцу шина пIераскана дийна юкъахь цуьнгара дийлинчу кегийчу къиношна гечдийр ду.

[2] Ад-Да́римий. ХIара дешнаш Абу СаIида (Дела реза хуьлда цунна) аьлла ду, ткъа уьш цо шегара олийла дац, цундела уьш Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлча санна лоруш ду.

[3] Имам Аш-ШафиIий, «Ал-Умм», 1/208.

[4] Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснал-матIо́либ фи́ шархь ровдит-тIо́либ», 1/269; Ал-Бакрий Ад-Думйа́тIий, «Хьа́шийату иIа́натит-тIо́либи́н», 2/103.

[5] Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснал-матIо́либ фи́ шархь ровдит-тIо́либ», 1/269.