|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Олхазар, закатах лаьцна цхьа хаттар дара сан. Нагахь санна хьан машен елахь, 200 эзар, 300 эзар доьхуш эцна, цунах закат дала дезий? Дела реза хуьлда.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шена лело эцна йолчу машенна тIера закат дала ца деза, цунах хIуъа мах беллехь а. Машен йохка эцна елахь, муьлхха а кхидолу «товар» санна, цунах закат дала деза. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 25.12.2010 = 19.01.1432
| КхидIа |