|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Можно ли ползоваться интернетом, который пойман адаптором твоего нотбука,хотя интернет не пренадлежит тебе и он без замка? Ноутбуко вайрлесс чухула лоцуш йолу кхечу нехан интернет лело мегар дуй, нагахь санна цунна хIоттийна до́гIа дацахь?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цхьайолчу меттигашкахь ишттанехьа, мехаза хIоттийна интернет хуьлу, шена луъург ( Wi-Fi ) вайрлесс-зIе чухула тIетассавала йиш йолуш. Муьлхха а стаг чува́ла йиш йолуш, массарна а елла юкъара бакъо а йолуш, шена луъучо лело йиш йолуш вайрлесс-зIе хуьлу масала цхьайолчу аэропорташкахь, хьешанцIахь, дарбанцIахь, яахIума юучу меттигашкахь, базаршкахь, иштта кхидIа а. Цул совнаха, цхьадолчу мехкашкахь дийнна урамаш хуьлу боху, «хьекъале урамаш» цIе йолуш, луучунна тIетасавала йиш йолуш хIоттийна ме́хаза интернет а йолуш. Ишттачу меттигашкахь лоцуш йолу интернет лело мегар ду, хIунда аьлча, иза иштта мехаза хIоттийначара бакъо елла ю цу балхана. Ткъа нагахь санна и бакъо елла яцахь – тIаккха мегар дац цу интернетана тIетассавала а, йа иза лело а. Масала, хьо вехачу меттехь, йа тIехволучу меттехь вайрлесс-зIе лоцу хьан ноутбуко, йа телефоно. И зIе догIа тоьхна а яц, йа вуьшта аьлча къайлахдош хIотторца дIакъевлина яц, цундела цу зIе тIетассавала аьтту бу хьан, цу чува́ла аьтту бу хьан, делахь а и зIе долахь йолчо хьуна елла бакъо яц, шен цу зIе тIетассавала мегар хилар цо хьоьга хаийтина дац. Ишттачу хьолехь шариIатан бакъонашца дуьстича, мегаш дац цу зIе тIетассавала а, цу чувала а, цу зIенаца хIоттийна йолу интернет лело а.[1] Иза мегаш ца хиларан а, иза къилахь хиларан а шен бахьанаш ду. Церах уггар коьрта бахьана – и интернет иэцна волчунна цу балхах зен хуьлуш хилар а ду, и хIума дар тешнабехк хилар а ду. Муха хила йиш ю и зен аьлча – цуьнан масийтта агIо ю: - Оцу зIенаца интернет лелориш алсам мел бовлу, интернетан сихалла жимло. Масала, и зIе иэцнарг цуьнца телефон тухуш велахь, хьо а цу зIе тIетассавелча, ахь цуьнан интернетан сихалла лахйо, итернет чухула тухуш йолу телефон хазар а и бахьана долуш лахло. Иштта масала дало мегар ду муьлхха вистхуьлуш йолчу программашна а (skype, msn messenger, yahoo messenger, icq, google talk, и. кх.дI.), интернетаца йолчу радиона а, телевиденина а, йоьшучу агIонашна а, йа муьлхха а кепара кхидIа беш болчу балхана а. Оцу кепара новкъарло йар – и зIе долахь йолчунна зен дар ду, ткъа зен дар Бусалба дино хьарам дина ду. - Нагахь санна интернет цхьа барам тоьхна иэцна елахь, ахь иза лелорца цуьнан барам жимло, иза а и интернет иэцначунна зен дар ду. Масала, цхьана баттана 6 гигабайтах мах дIа а белла иэцна хилча, ахь цу тIера 1 килобайт бен ца лелайахь а, иза иэцначуьнан даьхни дууш хуьлу хьо хьарамлонца, цунна зен деш а хуьлу хьо. - Интернет лелоре хьаьжжина цунах мах бала безаш хилча, тIаккха ахь и зIе иэцна волчуьнгара бакъо а йоцуш цуьнан интернет лелийча, ахча цо дIадала дезаш хуьлу. Ахь лелийначу хIора килобайта тIера мах бала безаш хуьлу иза. Иза а хьарамлонца цуьнан даьхни даар а ду, цунна зен дар а ду. - Вайрлесс аппаратана тIехь радио-лестамаш тIелоцуш болчу гIирсо шега радио-хаам мосузза кхочу ток йойъу. Оцу зIе тIетассавеллачул тIаьхьа хьан ноутбуко оцу гIирсе зIе йоьхуш хаам беш бу, шега и хаам хилча, иза кхочушбеш цо ток йойъуш ю. Оцу токах ахча дала дезар верг оцу зIен да ву. Иза а хьакъ доцуш цуьнан даьхни даар ду, цунна зен дар а ду. Iилманчаша дийцарехь, модем чохь, йа роутер чохь къаьсттина и гIирс уггар дукха ток йойъу гIирс бу. - Массо пачхьалкхашкахь интернет лелорна тIехь деш Iуналла ду. Неха зIе тIе а тассавелла, кхерамаза йоцучу сайташ тIехула лелча, зулам динарг дIагIур ву, и зIе долахь ерг бехк боцуш хьийзор ву. Иза а вуно доккха зен а, бохам а бу. - Хьан ноутбук чохь, йа телефон чохь, хьуна хууш доцуш вирус хила йиш ю, йа троян хила йиш ю. Ткъа хьо муьлхха а вайрлесс зIе тIетассавелча, и вирус а, троян а цу зIе чуйолу ша́шаха, цу тIетесна йолчу массо компьютер чу а, телефон чу а йолу. Цу балхо вуно дукха даьхни талхо а, хIаллакьдан а йиш ю, зуламхошна аьтту баккха а йиш ю, ткъа и зIе йолчарна цунах шеко йоцуш доккха зен а, новкъарло а, бохам а хуьлу. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Мегаш дац зен дар ша́ шена а, кхечунна а».[2] Кхин а аьлла, Делера салават а, салам а хиларо: «Бакъдолуш, шун цIий а, шун даьхний а, шун сий а хьарам ду шуна вовшашлахь».[3] Кхечу хьадисехь а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Хьанал дац бусалба стеган даьхни, цо даггара пурба делла хилча бен».[4]
Амма цхьаболчу Iелам-наха, нагахь санна догIа хIоттийна дацахь иза мегар ду алар – цара иза аларан бахьана цара шаьш дийцарехь иштта ду: «оцу зIена догIа ца хIоттор цара и зIе лело бакъо елла хиларан билгало ю, пурба делла хиларан билгало ю, цундела мегаш ду хIоттийна догIа доцу зIе тIетассавала а, цуьнца интернет лело а». Ткъа иза нийса лара йиш йолу хIума дац, хIунда аьлча дукхах болчу нахана оцу зIена догIа хIотто ца хаьа. ДогIа хIотто ца хиъна ца Iаш, иза хIотто йиш юй ца хуурш а бу дуккха. Ткъа и лакхахь вай дийцина долу зенаш шайна хуьлий хиъча, цхьацца бахьанашца догIа ца хIоттош дитинчара цхьаъа шеко йоцуш и догIа хIоттадойтур дара. ТIаккха, и зенаш хуьлий хууш доллушехь, догIа хIотто аьтту боцуш а хуьлу цхьаберш. Цундела иза цхьа къаьсттина долчу хьолашкахь бен нийса хила йиш йолуш жоп дац, масала, цхьана гIишло чохь массарна хууш-девзаш ду, цу гIишло и интернет-зIе хIотточуьнга иза юхкучо хоттуш хилар: - «догIа хIотто лаьа хьуна, йа муьлхха стаг чува́лалур волуш йиллина йита лаьа хьуна?» - аьлла. Иштта и хаттар хIоранга деш дуй хууш делахь, тIаккха оцу гIишло чохь догIа хIоттоза зIе елахь, тIаккха мегар ду цу зIе тIетассавала, хIунда аьлча хIоьттина долчу хьолаца девзаш долу дела, и зIе йиллина йитинчо иза лело массарна а пурба деллий. Оцу кепара хьал дацахь, йа лело билггал бакъо елла хIоттийна зIе яцахь (лакхахь масалш далийначу меттигашкахь санна), вай доьххьара ма-аллара мегар дац догIа хIоттоза йолчу зIе тIетассавала, цуьнца интернет лело а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 01.11.2009
| КхидIа [1] Оцу кепара иза мегар дац аьллачу Iелам-нахах ву Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, цо иза аьлла телевизор чохь шега цунах лаьцна динчу хаттарехь; кхин а Шейх Юсуф Аш-Шубайлий, http://www.shubily.com/index.php?news=258; кхин а хьажа: «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», фатва № 119643, 123264, 94908. [2] Ибн МаджахI, Ахьмад, Хьаким. Ибн Ас-Солахьа дика хьадис лерина иза. Цуьнан маьIни тIехь барт хилла бу массо бусалба нехан. [3] Бухарий, Муслим. [4] БайхIакъий, ДарукъутIний. |