Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан ваша, цхьа неудобный хаттар ду сан. Амма динехь иэхь хета мегар дац хаттар лучу хенахь, цундела хотту ас. Афродизиакаш мийла мегий? Ткъа юучу хIуманна юккъахь хIума юй потенци хьала йоккхуш? Суннехь цхьа а дарба дуй?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Афродизиакаш мийла мегар ду цаьрга хьашт долуш волчо, масала шен зудчуьнан хьашт кхочуш далуш воцучо, хуьлийла иза цамгар бахьана долуш, йа воккха хиларна, нагахь санна цара могшаллийна зен деш дацахь, уьш дукха безчу мехах оьцуш исраф деш а дацахь.

Уьш мийла хьашт доцучо, шен хьал хила ма-дезза долчо уьш мийлина дан хIума дац. Нагахь санна уьш мелча зен хуьлуш делахь – тIаккха уьш мала мегар дац, хIунда аьлча хьадисехь деана ма-дарра, адамо ша шена а, кхечунна а зен дан мегаш дац. Цхьадолчу оцу молханаша адам доь бохуш а дуьйцу лоьраша, цундела чIогIа ларлуш хила веза и молханаш мийла дагадеана верг. Ткъа уьш зен деш ю йа йац хуур ду Могшаллин министерствос уьш йохка бакъо елла хиларца, йа билггал шен болх бевзаш волчу тешамечу лоьро тоьшалла дарца. Нагахь санна уьш дукха боккха мах боьхуш елахь дика ца лору Iеламнаха уьш цу мехах эцар, хIунда аьлча иза исраф долу дела.[1]

Амма юучу хIуманца оцу кепара пайдане хIумма а юй аьлча – цунах дерг суна ца хаьа, Суннатца а, бецашца а дарбанаш лелош болчаьрга хаьттича царна хаа декхар ду иза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.08.2011 = ‏03‏.09‏.1432


 

[1] Шейх IатIиййахI Сокър, «Ахьсанул-калам фил-фатава вал-ахькам», 233-234.