Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI! Цхьа хаттар дара сан хьоьга: "Ясин" бохучу дешан маьIна а, цуьнан перевод а муха ю? Дела реза хийла!

 

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Йа́си́н» дешан маьIна дуьйцуш, Имам Ал-Ма́вардийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

«Цунах лаьцна деана пхеа кепара маьIна ду:

Хьалхарниг: Иза Къуръанан цIерех цхьа цIе ю. Иза Къата́дас аьлла.

ШолгIаниг: Иза – лекха хинволчу АллахIан цIерех цхьа цIе ю, цу (Шен цIарца) дуй биъна (дIадолийна) Цо (и сурат). Иза Ибн Iаббаса аьлла.

КхоалгIаниг: Лекха хинволчу АллахIа (кхидолчу суратийн юьхьехь санна) Шен къамел дIадолош (аьлла) долчу дешнех ду иза. Иза Муджа́хIида аьлла.

ДоьалгIаниг: Иза – «ХIай Мухьаммад!» бохург ду. Иза Мухьаммад ибн Ал-Хьанафиййата аьлла. ...

ПхоьалгIаниг: Иза – «ХIай адам!» бохург ду. Иза Ал-Хьасана а, Iикримата а, Ад-Даххьа́ка а, СаIид ибн Джубайра а аьлла».[1]

И санна маьIна долу дешнаш кхечу Iелам-наха аьлла а ду: «Лекха хинволчу АллахIан дош «Йасин» - Къуръанан маьIна дина болу Iелам-наха тайп-тайпана маьIна дина хилла дош ду. Церах цхьаболчара иза суратан цIе ю аьлла, йа Къуръанан цIе ю аьлла, йа Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIе ю аьлла. Царна юкъахь цуьнан маьIна: - «ХIай стаг!», йа «ХIай адам!» - ду аьлла хетарш а бу. Ткъа уггар гIолий хила тарлуш долу маьIна – иза и дешнаш Къуръан тIера цхьадолу сураташ шайца дIадолийначу дешнех хилар ду».[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

12.07.2009


 

[1] Имам Ал-Ма́вардий, «Ан-Нукату вал-Iуюн» (Тафсирул-Мавардий).

[2] Шейх Саййид ТIантIо́вий, «Ат-Тафсирул-ВаситI».