Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Цхьа хаттар ду сан... Аьрру куьйгаца яахIума яа ца мегий хаьа суна. Амма цхьаъ юучу хенахь ша-шена аьрру куьйгаца гIо дан магийна дуй? Масала, цхьана куьйгаца лаца атта ца хилча, шинна куьйгаца яа мегаш дуй; аьрру куьйгаца аьтту куьйгана жима гIо деш?
ГIазкхийн маттахь кхето атто ду, делахь со хатта луучух кхаьтта хир ву хьо, Дала мукъалахь.
Дела реза хуьлда хьуна!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьуна хууш ма-хиллара, аьрру куьйга хIума яар а, малар а дика лоруш дац бусалба динехь. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Аьрру куьга яахIума ма юийла аш, бакъдолуш, аьрру куьйга яахIума шайтIано юу».[1]

Цхьаболчу Iелам-наха иза хьарам ду аьлла, вукхара иза «макрухI» ду аьлла, ткъа «макрухI» бохург – ца деш Iаддитича ме́л а болуш, дича къа а доцуш долу хIума ду.

Нагахь санна цхьана аьтту куьгаца юург, йа мерг схьалаца хала делахь, цунна аьрру куьйге гIо дайта дезаш делахь, иза мегаш ду, Дала мукъа лахь, Iелам-наха ма-аллара.[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.03.2009


 

[1] Муслим.

[2] Иза мегаш ду аьллачу Iелам-нахах бу Шейх Ибн Баз а, Шейх Мухьаммад Солихь Ал-Мунадджид а, Шейх Iабдул-Мухьсин Ал-Iаббад а, иштта кхиберш а.

   Ткъа цхьаболчу Iелам-наха аьлла: нагахь санна аьтту куьйга схьалаьцна юучух цхьа хIума елахь, шолгIа хIума аьрру куьйга схьалаца а мегаш ду. Хьажа: Имам Ал-Мунна́вий, «Файдул-Къадир», 6/499.