|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум хьоме йижри вежри! Сан хаттарна жоп лахьара аш: ламаз карахь долуш тушь я кхи и тайпа косметика лелийча, и ламаз карара долий? Юьхь тIехь йина косметика йолуш ламаз дан мегий?!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Тушь» а, йа и санна кхийолу «косметика» а лелор ламаз карара доккхучу бахьанех дац, цундела уьш лелийча ламаз карара ца долу. Нагахь санна ахь и «тушь» а, йа кхи и тайпа йолу «косметика» а хьайна хьанал долчу хьолехь йина елахь, ламаз дан а мега. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.03.2010 = 14/04/1431
| КхидIа |