Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Шен зудчух куьг кхетча йа цунах хьакха велча уллехул тIех волуш, ламаз духий, иштта хийра зудчунах цахууш хьакха велча базарахь йа автобус тIехь, ламаз карара долий?.
АллахIа аьтто бойла хьан.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Шен хIусамненах, йа яло мегаш йолчу хийра зудчух кхетча, йа хьакхавелча ламаз карара далар Iелам-наха тайп-тайпана дийцина.

ЧIор чIурах кхотуьйтуш шен зудчух хьакхавелча, йа шена яло мегаш йолчу хийра зудчух хьакхавелча ламаз карара долу ШафиIий мазхIабера Iелам-нахана гергахь. Маликий а, Хьанбалий а мазхIабера Iелам-нахана гергахь ламаз карара долу нагахь санна и хьакхавалар, йа куьг кхетар зудчуьнга хуьлуш йолчу марзонца хиллехь.

Ткъа вай долчахь лелош дерг – иза, ШафиIийн мазхIабехь ма-дарра, шен хIусам-ненах кхетча а, шена яло мегаш йолчу кхечу зудчух кхетча а ламаз духуш хилар ду, юха эца дезаш хилар ду. Цундела, ахь хаьттинчу хьолашкахь ламаз карара долу, иза юха иэца деза.

Цуьнан далил а, иза иштта аьлла болу асхьабаш а вай бийцира хьалха хIокху хаттарехь:

Шен хIусум-ненах куьг Iоттаделча ламаз духий?

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

08.07.2009