Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Цхьаболчара вирд даккхар суннат ду олу, вукхара фарз ду олу, иза муха ду дийцахьа, мел бу хьуна!

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна вирд даккхар бохучу дашна чудуьллуш долу маьIна Дела хьахор делахь, масала "лаилахIа иллаллахI" аларца, "субхьаналлахI, алхьамдулиллахI, аллохIу акбар" аларца, Делан Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават дилларца, "астагIфируллахI" аларца, "ла хьавла ва ла къуввата илла биллахI" аларца, "Бусалба стеган гIап" цIе йолчу жайни тIера зикр дарца, доIанаш дарца, иштта кхидIа а... Нагахь санна цунах лууш дерг иза делахь - иза суннат ду, иза вуно чIогIа мелехь хIума а ду. ХIетте а, фарз дац иза, хIунда аьлча иза фарз деш деана далил доцу дела.

Ткъа цуьнан баххаш довза луург оцу хIора дешан хьокъехь даьхкинчу хьадисашка хьажа веза. Цу балхехь уггар дика жайна лоруш ду Имам Нававийн "Ал-Азкар" жайна, иза вай нохчийн матте жим-жима гочдеш а ду.

ТIаккха, и зикр дар а, вирд даккхар а хьадисашкахь билгалйинчу хенашкахь хилча уггар мелехь ду. Делахь а, луучо кхийолчу муьлхха хенахь а дан мегаш ду иза.

ТIаккха, кху юкъа цхьа хаттар догIу: хIора ламазал тIаьхьа, йа цхьана кхечу билгалйинчу хенахь, хIокх-хIоккхул аьлла терахь тоьхна зикр дар муха ду, дуккха а вайн махкахоша ма-леллора?

Иза цхьаболчу Iелам-наха нийса ца лору, цхьаболчара мегар долуш лору. Ткъа, хьадисашкахь билгалйина йоцучу хенашкахь а, хьадисаша билгалдина доцучу терахьашца а и зикр дича, къаьсттина и хан бахьана долуш а, къаьсттина и терахь бахьана долуш а мел хуьлу аьлла кхетам ца хилчахьана, иза Дала мукъа лахь мегар долуш хIума ду, и дечунна Делера мел хиларга дог а доху вай. 

ХIетте а, цхьаъа шеко йоцуш, билггал мелехь долуш, лелийча уггар деза а долуш ду Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) лелийна а, дийцина а долу зикр а, вирд а, доIа а. Цул деза цхьаъа вирд дац, йа зикр дац. Делахь а, маьIна нийса хилчахьана, кхечу дешнашца а, кхечу хенахь а дан мегаш ду зикр а, даккха мегаш ду вирд а, цуьнан шен цхьа къаьсттина дозалла ду аьлла кхетам ца хилчахьана.

Амма нагахь санна вирд даккхар бохучух лууш дерг вай дийцинарг а доцуш, цхьа кхин маьIна делахь - цуьнга бусалба динан баххащца хьажа веза, иза мегаш хила а тарло, ца мегаш хила а тарло.

Дала Ша дукха хьехо ницкъ лойла вайна массарна!

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

26.12.2009 - ‏1431‏.01‏.09