Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум Олхазар. Боьрша стага, зуда йелча, иза лийча йан мегаш дуй? Цунах лаьцна хьадисашкахь йа жайнеш тIехь, цхьанхьа хьай дешар нисделлехь, хьайна цунах лаьцна хууш дерг ахь яздича, доккха гIулкх дора ахь тхуна. АллахI реза хуьлда хьуна. Ассаламу Iалайкум. Ларамца Тамерлан!

 

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дукхах болчу Iеламнахана гергахь мегаш ду майрачо шен елла зуда лийчор а, зудчо шен велла майра лийчор а. Хьанафий мазхIабера Iеламнаха, зудчо шен майра лийчо мегар ду, майрачо шен зуда лийчо мегар дац аьлла, хIунда аьлча зуда еллачул тIаьхьа цаьршинна юкъара доьзалан уьйр дIайо́лу дела.[1]

Майрачо шен зуда лийчо мегаш хилар гойту Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хIокху хьадисо: Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) валале хьалха иза цомгаш хиллачу хенахь, цхьаъ дIа а воьллина, кешнашкара иза чувеъча, со корта лозуш яра, ас элира тIаккха: «Ва́ сан корта!». Цо элира тIаккха соьга: «Нагахь санна хьо йалар сол хьалха хилча-м зен дацара хьуна, ас хьо лийчор а йара, ас хьуна марчо а хьарчор дара, тIаккха ас хьуна тIехь ламаз а дийр дара, ас хьо дIа а юллур йара».[2] Кхин а, иза мегаш хилар гойтуш ду, Iелас шен хIусамнана ПетIамат (ФатIимахI) лийчийна хилла аьлла дицина дерг.[3]

ТIаккха, шафиIий мазхIабехь дерг дукхах болчу Iеламнаха аьлларг ду. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Борша стаг борша стага лийчор ву, зуда зудчо лийчор ю. Борша стага шен гIарбаш лийчо а мегар ду, шен зуда лийчо а мегар ду. Зудчо шен майра лийчо а мегар ду. Куьйга тIе цхьа бехчалг йоьхкур ю цаьршимма, вовший Iотта а лур дац и шиъ».[4]

Делахь а, Имам Нававийс доьххьара ма-аллара, борша стаг божарша лийчор гIолий ду, зуда зударша лийчор гIолий ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.04.2010 = ‏07‏/05‏/1431


 

[1] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI», 2/603-604.

[2] Ахьмад, Ибн МаджахI.

[3] Ад-ДаракъутIний, Ал-БайхIакъий.

[4] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIолибин», 150.