Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахI! Веллачу стагана муьлха доIа дан деза?!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

- Нагахь санна веллачу стагана доIа дар бохучух лууш дерг докъа-ламаз дечу хенахь деш долу доIа делахь, «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жайни тIехь долу Суннатера доIанаш иштта ду:

"АллóхIуммагIфир лахIý ( зуда елахь иштта эр ду: лахIá), вархьамхIу(хIá), ва IáфихIú(хIá), ваIфу IанхIу(хIá), ва акрим нузулахIý(хIá), ва вассиI мудхалахIý(хIá), вагIсилхIу(хIá) бил-мáи, вассалжи валбарад, ва наккъихIú(хIá) минал-хотIóйá камá наккъайтассавбал-абйада минадданас, ва абдилхIу(хIá) дáран хайран мин дáрихI(хIá), ва ахIлан хайран мин ахIлихI(хIá), ва завжан хайран мин завжихI(хIá), ва адхилхIул-джанната ва аIизхIу(хIá) мин Iазáбил-къабри ва Iазáбиннáр".

МаьIна: «Йа АллахI! Гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, цунах къахете, къинтIера вала Хьо цунна, иза воьрзу меттиг сийлахь а йе Ахь, иза чохь хир волу меттиг шор а йе Ахь, догIунца а, лайца а, шаца а лийчийча санна къинош дIадаха Ахь цуьнан, цIена йоцучу хIумнах кIайн духар дIацIанлуш санна шен къинойх дIацIанве Ахь иза, цуьнан хиллачу хIусамал дика хIусам а ло Ахь цунна, цуьнан охIлунал дика охIлу а ло Ахь цунна, цуьнан хиллачу хIусамненал (зуда елахь: хIусамдел – эр ду) дика хIусамнана а ло Ахь цунна, ялсамане чу а вахийта Ахь иза, кошан Iазапах а, цIеран Iазапах а лар ве Ахь иза».

"АллóхIуммагIфир лихьаййинá, ва маййитинá, ва шáхIидинá, ва гIóибинá, ва сагIúринá, ва кабúринá, ва закаринá ва унсáнá! АллóхIумма ман ахьйайтахIý миннá, фаахьйихIú Iалал-ислáм, ва ман таваффайтахIý миннá, фатаваффахIý Iалал-имáн. АллóхIумма ла́ тахьримнá ажрахI, ва лá тудилланá баIдахI"

МаьIна: «Йа АллахI! Тхан дийначарна а гечде Ахь, тхан беллачарна а гечде Ахь, кхузахь болчарна а гечде Ахь, кхузахь боцучарна а гечде Ахь, тхан кегийчарна а, баккхийчарна а гечде Ахь, божаршна а, зударшна а гечде Ахь. Йа АллахI! Айхьа тхох дийна вуьтуш верг, я керла дуьнен чу воккхуш верг Ислам-дин тIехь хилийта Ахь, Айхьа тхох волуьйтуш верг - Ийманна тIехь валар нисде Ахь цуьнан. Йа АллахI!     ХIокхунна хилларг санна болчу мелах тхо ма даха Ахь, хIокхул тIаьхьа тхо тиларчу а ма дахийта Ахь».

"АллóхIумма инна (веллачун цIе йоккхур ю) фú зимматика ва хьабли живáрик, факъихIú мин фитнатил-къабри ва Iазáбиннáри, ва анта ахIлулвафáи валхьаккъи, фагIфир лахIý вархьамхIу, иннака антал-гIофýрур-рохьúм"

МаьIна: «Йа АллахI! “Хьенехан кIант Хьенех” (веллачуьнан цIе йоккхур ю, стаг велахь а, я зуда елахь а) Хьан керахь а ву, Ахь ларвеш а ву, иза ларве Ахь кошан питанах а, цIеран Iазапах а. Бакъдолуш, Хьо тешаман да а, нийсонан да а ву,  гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, баккъалла а Хьо ву Гечдеш верг а, Къинхетам беш верг а».

"АллóхIумма Iабдука вабну аматика, ихьтáжа илá рохьматика, ва анта гIаниййун Iан IазáбихI. Ин кáна мухьсинан фазид фú хьасанáтихI, ва ин кáна мусúан фатажáваз IанхIу".

МаьIна: «Йа АллахI! Хьан лай а, Хьан лай йолчу зудчун кIант а Хьан къинхетам оьшуш ву, ткъа Хьо цунна Iазап ца дича а зен хуьлуш вац, нагахь санна иза дика стаг хиллехь цуьнан дика гIуллакхаш сов даха Ахь, нагахь санна иза вон стаг хиллехь цуьнан вон гIуллакхаш тидаме ма лаца Ахь».

- Нагахь санна делларг бер делахь, цунна тIехь ламаз дечу хенахь ден доIа иштта ду:

"АллóхIуммаджъIалхIу фаратIан ва зухран ливáлидайхIи ва шафúIан мужáбан, аллóхIумма саккъил бихIú мавáзúнахIумá, ва аIзим бихIú ужýрахIумá, ва алхьикъхIу бисóлихьил-муъминúн, ваджъIалхIу фú кафалати ИбрóхIúм, ва къихIú бирохьматика Iазáбал-жахьúм, ва абдилхIу дáран хайран мин дáрихI, ва ахIлан хайран мин ахлихI. АллóхIуммагIфир лиаслáфинá, ва афрóтIинá ва ман сабакъонá бил-úмáн".

МаьIна: «Йа АллахI! Цунах цуьнан дена-нанна тIейогIучу хенахь цаьршинна карор йолу ял а, дIайиллина хазна а йе Ахь, шена жоп лур долу шафаIат дийр дерг а де Ахь цаьршинна цунах. Йа АллахI! Цаьршинан терзанаш цуьнца дазде Ахь, цаьршинан ял цуьнца йоккха йе Ахь, Хьайх тешаш хиллачу дикчу нахах дIа а тоха Ахь иза, ИбрахIим-пайхамара дола деш а хилийта Ахь иза, Хьайн къинхетамца жоьжахатин Iазапах лар а де Ахь иза, цуьнан хьалха хилла хIусам кхин а дикчуьнца хийца Ахь, цуьнан охIлу кхин а дикчу охIлунца хийца Ахь. Йа АллахI! Тхан хьалхалерачарна а гечде Ахь, тхан тIаьхьарчарна а гечде Ахь, Хьох тешарехь тхол хьалха боьвллачарна а гечде Ахь».

"АллóхIумма аIизхIу мин Iазáбил-къабр!".

МаьIна: «Йа АллахI! Кошан Iазапах лар де Ахь иза».

"АллóхIуммаджъIалхIу ланá фаратIан, ва салафан ва аджран".

МаьIна: «Йа АллахI! Тхуна цунах ял йе Ахь, хьалха карор долу дика а де Ахь, мел а бе Ахь».

Нагахь санна цунах лууш дерг кешнашка вахча доIа дар делахь, оццу жайни тIехь деана долу доIа иштта ду:

Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа деш долу доIа.

"АллóхIуммагIфир лахIу, аллóхIумма саббитхIу"

МаьIна: «Йа АллахI! Гечде Ахь цунна. Йа АллахI! Хьайгара ницкъаца чIагIве Ахь иза».

Кешнашка зерате вахча деш долу доIа.

"Ассалáму Iалайкум, ахIладдийáри минал-муъминúна валмуслимúн, ва иннá иншáаллóхIу бикум лáхьикъýн, ва йархьамуллóхIул-мустакъдимúна миннá валмустаъхирúн, асъалуллóхIа ланá ва лакумул-IáфийахI".

МаьIна: «Делера маршалла хуьлда шуна, хIокху хIусамийн охIлу, АллахIах тешаш хиллачарах берш а, бусалба хиллачарах берш а. Дала мукъалахь, тхо а шух дIакхетар долуш ду. Дала вайх хьалхабоьвллачарна а, тIаьхьабогIурболчарна а гечдойла. Ас Деле тхайна а, шуна а къинхетам боьху».

Нагахь санна хаттарехь лууш дерг и лакхара ши хьал доцуш, вуьшта юкъара доIа дар делахь, иза муьлхха доIа дан мегар ду, веллачунна гечдар доьхуш, цунах къинхетам бар доьхуш, цунна ялсамани йалар доьхуш, и. кх. дI. Масала, тезетахь а, вуьшта а дан мегар долчу доIанех ду

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Абу Салама (Дела реза хуьлда цунна) веллачу хенахь дина хилла долу доIа:

"АллóхIуммагIфир ли Аби Саламата (кхузахь Аби Салама а ца олуш, веллачуьнан цIе йоккхур ю), варфаI даражатахIý филмахIдиййúна, вахлуфхIу фú IакъибихIú фил гIóбирúна, вагIфир ланá ва лахIý йа роббал Iáламúна, вафсахь лахIу фú къабрихIú ва наввир лахIý фúхIи!"

«Йа АллахI! Гечде Ахь «хьенехана» (веллачуьнан цIе йоккхур ю ""ьенехана" дешан меттина), нисбелла хиллачарна юкъахь цуьнан дарж сов а даккха Ахь, цуьнан тIаьхьенна гIоьнча а хила Хьо, тхуна а, цунна а геч а де Ахь хIай Iаламийн Эла, цунна каш чохь меттиг а шор йе Ахь, цуьнан каш нуьре а де Ахь».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-04 = ‏23‏/08‏/1431