|
|
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Cан цхьа хаттар дара: нагахь санна бусалба стага зина динехь, иза ч1ог1а цунна юха дохко ваьллехь, цо муха гечдар деха деза, цуьнан доьзал белахь а. Цо х1ун дан деза, цунах лаьцна язде кху сайт т1е. Дела реза хилла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зинá дар уггар даккхийчу хьарамех хьарам ду, уггар даккхийчу къинойх къа ду, иза йоккха боьхалла ю, адамашна юкъахь бохам баржаран а, царна тIе Делан Iазап дожаран а бахьана а ду. Лекха хинволчу АллахIа кхерам кхайкхийна Шеца накъост винчарна а, бакъо йоцуш нах байъинчарна а, зина динчарна а, къемат дийнахь Ша царна Iазап шозза сов алсамдоккхур ду аьлла, ша уьш цу чу бухкур бу аьлла, сийсаз бина, аьшнаш бина, цара летийна къинош дукха даккхий хиларна. ×(Къинхетаме волчуьнан лайш бу) АллахIаца цхьаьна кхечу деле ца кхойкхурш, бакъонца бен АллахIа хьарам дина долу са ца дуьйш берш, зинá а ца деш берш! Ткъа и (хIуманаш) динчунна карор ду чIогIа Iазап. Шозза совдоккхур ду цунна Iазап къемат дийнахь, иза воьра ву цу (Iазап) чу сийсаз вина. Тоба динарг воцург, (АллахIах) тешнарг а, дика Iамал йинарг а воцург, ткъа уьш – АллахIа хуьйцур ду церан вонаш диканашка, АллахI гечдеш а, къинхетам беш а вуØ.[1] ХIора бусалба стаг а, бусалба зуда а лардала деза зинá дарх а, зинáна герга вуьгучу бахьанех а. ×Шу герга ма гIойла зинáна, бакъдолуш иза боьхалла а, вон некъ а буØ.[2] Лакхахь долчу АллахIан дашо гойту зинá динчо хIун дан деза. Шегара и боьха къа далийтинарг – стаг велахь а, зуда елахь а – сихвала веза Деле гечдар деха а, Деле шена гечдайтархьама бакъдолу тоба дан а, оцу къинах ша юхатухур волчу кепара баккъалла а АллахIах теша а, и къа дIадойъур долу дика Iамал йан а, и къа шена тIехь а долуш ша дуьненчура дIа а къаьстина, Дала ша оцу вочу Iазапе вигале. Ткъа бакъдолу тоба баккъалла а бакъ хуьлу, стаг оцу къинах дIакъастахь, шегара даьллачунна иза дохко валахь, ша кхин цуьнга цкъаъа а юхавоьрзур вац аьлла цо шена баккъалла а тIелацахь, ша Iеса хуьлуш волчуьнан возалла дага а доуьйтуш, Цунах кхера а кхоьруш, Цуьнгара ял а езаш, Цуьнан Iазапах лар а луш. Ткъа, АллахI тоба дечуьнгара тоба къобал деш ву, дохковаьлларг тIелоцуш ву, даьллачунна гечдар дехначунна гечдеш ву, тIейогIучу хенахь къинхетам беш а ву. ×Бакъдолуш Со гечдеш ву тоба динчунна, (Сайх) тешначунна, дика Iамал а йинчунна, тIаккха нисвеллачуннаØ.[3] ×ХIай (АллахIах) тешна дерш! Аш тоба де АллахIе, бакъдолу тоба, шун Дала шун вонаш дIадайъа мега тIаккха, шайна буххула татолаш лелачу ялсаманеш чу дига а мега шу Цо тIаккхаØ.[4] ×АллахIе тоба деш аш массара а, хIай АллахIах тешнарш, тIаккха декъал хила мега шуØ.[5] Иштта и ду зинá динчо дан дезарг – бакъдолу тоба дар а, гечдар дехар а, АллахIах баккъалла а тешар а, дика Iамал йар а, АллахIан дин тIехь нисвалар а. КхидIа, цо дан ма дезза и тоба дахь, хIумма а дац цунна тIехь, шен зудчуьнца мах карлабаха а ца беза цо, йа шен зудчунна генавийла а ца веза иза, йа кхин цхьа а хIума лело а ца деза цо, АллахIа Шен айаташкахь дийцинарг доцург. |