|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Амин, Дала Рамадан батте кхачадойла вай! Таравихь ламаз жамаIатца дар гIолий а, мелехь а, деза а ду, ша цхьамма дечул а, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьайолчу хенахь иза жамаIатца дина долу дела, цул тIаьхьа, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – ша халиф волчу заманахь асхьабашка иза жамаIатца дайтина дела, массо асхьабаша хIетахь иза жамаIатца дина а долу дела.[1] Шен цIахь дича а нийса хуьлуш ду таравихь ламаз, делахь а маьждигехь ламаз даран мел ца хуьлу иза цIахь динчунна. Шен цIахь деш хилча жамаIатца дар гIолий а, мелехь а ду иза. ЖамаIатца а ца деш, ша цхьамма дIахIоьттина дича а мегаш ду иза, делахь а жамаIатца дича санна мел хир бац цунна.[2] Ткъа иза цIахь дан а мегаш хиларна тоьшалла ду хIара хьадис: Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – мархин баттахь масех буьйсанна асхьабашца жамаIатехь таравихь ламаз дина хилла, тIаккха цхьана буьйсанна иза маьждиг чу ца веъча, иза вижина виссина моьттуш йовхарш тухуш санна аьзнаш дохуш хилла асхьабаша, тIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цаьрга: «Суна хиира аш динарг. Со шу долчу (маьждиге) ара ца валаран бахьана – иза шуна тIехь парз (важиб) дарх кхоьруш хилар дара, ткъа иза парз дича шуьга иза дIа а кхехьалур дацара. ХIай адамаш, шайн хIусамашкахь ламаз де аш, бакъдолуш стеган уггар деза ламаз – цо шен цIахь динарг ду, парз ламаз доцург».[3] Цул тIаьхьа дуьйна шен цIахь дина хилла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – таравихь ламазаш, уьш важиб ца хилийтархьама, ткъа и кхерам Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхалхарца дIаьбаьлла.[4] Ткъа цхьаболчу Iелам-наха, жимма хьалха вай дийцинчу хьадис юкъара хIокху дешнашна тIе а тевжина: - «бакъдолуш стеган уггар деза ламаз цо шен цIахь динарг ду, парз ламаз доцург» - таравихь ламазаш хIораммо шен-шен цIахь дар дезох ду аьлла. Делахь а, дукхах болчу Iелам-наха аьлларг цул гIолий ду, хIунда аьлча асхьабаша а, церал тIаьхьа хиллачу бусалба наха а уьш маьждигехь деш хилла дела. ТIаьххьара... Цхьаболчу Iелам-наха аьлла: рамадан баттахь маьждиг чохь таравихь ламазаш данне а ца деш дита мегар дац. И бохург – массара а шайн-шайн чохь ламазаш дарца маьждигаш даьсса дита мегар дац, цхьаболчара бен ца дахь а маьждигехь таравихь ламаз деш хила деза бохург ду.[5] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 12.08.2009 [1] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – масех буьйсанна таравихь ламазаш дар дийцина Бухарийс а, Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а, кхечара а. Iумара – Дела реза хуьлда цунна – асхьабашка таравихь ламазаш жамаIатца маьждигехь дайтина хилар дийцина Бухарийс а, Муслима а, кхиболчара а. [2] Шейх Iабдур-Рахьман Ал-Джази́рий, «Ал-фикъхIу Iалал-мазахIибил-арбаIахI», 1/523. [3] И хьадис тайп-тайпана дешнашца дийцина Бухарийс а, Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а, кхечара а. [4] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламийй ва адиллатухI», 2/238. [5] «ТIорхьут-тасрúб» тIехь Имам Ал-Iирокъийс дийцина иза. |