Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ДIавуьжуш сура «Сажда» дешча суннат ду аьлла дешнера ас. Цу тIехь сужуд дан дезаш меттиг ю, иза Iаврат къевлина дан дезаш дуй? ТIакха дIавижале деша дезаш хуьлий иза? я муха хила деза иза?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

● ХIара хаттар кхаа декъехь ду, церах доьххьарниг Къуръан дешаран сужудан хьукм довзар ду.

Имам Нававийс, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла Къуръан дешаран сужу́дах лаьцна: «Иза чIогIа лардан дезаш ду, (хIунда аьлча) массо Iелам-нехан бартхилла хIума ду иза дан дезаш хилар.

(Делахь а), церан хилпало (къовсам) хилла, иза дан дезаран хьокъехь – суннат ду иза, йа важиб ду? – аьлла.

Дукхах болчу Iелам-наха иза важиб дац аьлла, муххале а «мустахьабб» (суннат долу хIума, дича мел болуш, ца дича къа а доцу хIума) ду аьлла. Иштта аьлла Iумар ибн Ал-ХаттIа́ба, Дела реза хуьлда цунна, Ибн Iабба́са а, Iимран ибн Хьусайна а, Ма́лика а, Авза́Iийс а, ШафиIийс а, Ахьмада а, Исхьакъа а, Абу Савра а, Давуда а, кхиболчара а.

Абу Хьанифата, Дала къинхетам бойла цунах, иза важиб ду аьлла.

Цо тешалла далийна лекха хинволчу АллахIан дош: [ХIун до цара, (хIунда) ца теша уьш? Шайна Къуръан дешча сужуд а ца до цара].[1]

Ткъа дукхах болчу Iелам-наха тешалли далийна Iумарера схьа – Дела реза хуьлда цунна – нийсачу исна́даца дийцина дерг, цо рузбан дийнахь (маьждигехь) минбар тIехь (хутIба деш волуш) сурат «Ан-Намл» дешна хиллера аьлла, тIаккха ша́ сужу́д дечу метте кхаьчча охьа а воьссина сужуд дина цо, тIаккха наха а сужуд дина. ТIедогIучу рузбанехь а уьзза сурат дешна хилла цо, ткъа ша́ сужуд дечу кхаьчча аьлла цо: «ХIай нах! Сужуд ден айат доьшу вай, ткъа и сужуд динчо нийса дерг дина, сужуд ца динчунна къа а дац». Иштта, сужуд ца дина Iумара. Иза Бухарийс дийцина. Ткъа Iумара, Дела реза хуьлда цунна, оцу (асхьабийн) гулам юкъахь дина долу и хIума а, цо аьлла долу и дешнаш а доьххьала дIа долу тешалла ду (и сужуд важиб ца хиларна).

Амма Абу Хьанифата, Дела реза хуьлда цунна, тешаллийна далийначу оцу айатах лаьцна долу жоп (лоьхуш дукха къахьега ца оьшуш) гучахь ду, хIунда аьлча цунах лууш дерг – (керста нах) сийсаз бар ду, (Къуръан) харцдарца цара сужуд дар Iаддитарна, цул тIаьхьа лекха хинволчу АллахIа ма-аллара: [Муххале а, керста динчара харцдо (бакъ дерг)].[2]

Шина «Сахьихь» тIехь деана ду Са́битан кIантера Зайдера схьа, Дела реза хуьлда цунна, цо Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьалха сурат «Ван-наджми» дешна хиллера, тIаккха цо сужуд ца дира аьлла. Кхин а деана ду шина «Сахьихь» тIехь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сурат «Ван-наджми» доьшучу хенахь сужуд дира аьлла. Цо гойтуш ду иза важиб (ца деш Iаддитича къа долуш хIума) ца хилар».[3]

● Амма и сужуд дечу хенахь Iаврат къевлина хила дезий аьлча... Имам Нававийс, АллахIа къинхетам бойла цунах, аьлла цу хьокъехь: «Къуръан доьшуш дечу сужудан хьукм – суннат-ламазан хьукм ду, ламаз керахь хила дезарехь а, наджас йолчу хIуманах цIена хилар везарехь а, къилбехьа верза везарехь а, Iаврат хьулдан дезарехь а».[4]

Цо гойту вайна, ламаз дечу хенахь хьулйина хила езаш йолу меженаш ерриге дIахьулйина хила езаш хилар и сужуд дечу хенахь а, хIунда аьлча цаьршинан шинне а цхьа хьукм долу дела.

Цундела, Къуръан доьшучу хенахь сужуд дан дезачу айат тIекхаьчначо и сужуд дар шен ма-хуьллу лардан деза суннат ду, и дечу хенахь Iаврат дIахьулдина хила дезар биллам а бу, Iаврат хьулдаза а долуш иза дан мегаш а дац, ламаз дан ца магар санна. Ткъа, ламазехь санна меженаш хьулйеш тIедуьйхина духар а доцуш Къуръан доьшуш волчунна мегаш ду и сужуд ца дар, иза ца дар къилахь лоруш хIума дац.

ТIаккха, шафиIийн мазхIабера цхьаболчу Iелам-наха аьлла: Къуръан дешаран сужуд дийр доцучо (цуьнан меттана) доьазза хIара дешнаш алар дика ду: «СубхьаналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллóхIу, валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил-Iалиййил-Iазúм».[5]

Оцу дешнийн маьIна иштта ду: «Массо кхачамбацарех цIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин дела а вац, воккха а ву АллахI массо хIуманал. Лекхачу, Воккхачу АллахIаца бен ницкъ а бац, гIора а дац».

● Амма «Саждат» сурат дIавижале хьалха дешар суннат хилар – иза деана хIокху нийса хьадисехь: «Делан элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIа ца вуьжура, «Алиф Лам Мим, Танзил» («Саждат» сурат) а, «Табаракаллази бийадихIил-мулку» («Ал-Мулк» сурат) а дешшалц».[6]

Даим Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и ши сурат доьшуш хилла хиларо гойтуш ду цаьршинан дозалла а, и шиъ хIора буса дIавижале хьалха дешаран дозалла а.

ТIаккха, и шиъ дешаран хан билггал хадийна хан яц, дIавижале хьалха муьлхха хенахь а деша мегаш ду иза, хуьлийла иза метта ваьллачул тIаьхьа, йа метта валале хьалха. Буьйса йоьллачул тIаьхьа дIавижжалц йолчу юкъахь шена луъучу хенахь деша мегаш ду иза.[7]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

02.09.2009

 


[1] Сурат «Ал-Иншикъо́къ», 20-21 ши айат.

[2] Сурат «Ал-Иншикъо́къ», 22 айат.

[3] Имам Ан-Нававий, «Ат-тибйа́н фи а́да́би хьамалатил-къуръа́н», 135-136 ши агIо.

[4] Уьзза жайна, 140 агIо.

[5] Имам Сулайман Ал-Джамал, «Хьа́шийатул-джамал Iалал-манхIадж», 2/575; Шейх Мухьаммад Нававий Ал-Джа́вий, «НихIа́йатуз-зайн», 88 агIо; Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхI ал-исла́мийй ва адиллатухI», 2/291; Шейх IатIиййахI Сакър, «Фата́ва́ ал-азхIар», 9/51.

[6] Бухарий, «Ал-адабул-муфрад»; Ахьмад, Тирмизий, Насаий, Хьаким; Ал-Албаний, «Ас-силсилатус-сахьи́хьахI».

[7] «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», № 65793.