|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар иштта хир дара шуьга: бусулба динехь спортаца заниматься деш волчу стагана (спортахочунна), дегI доккхийташ йолу хIуманаш хьарам юй (биологически добавкаш)? Масала: протеинш, метан, ишт кх. дI.?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Спортахочо и дегI доккхуьйту хIуманаш, йа ницкъ совбоккху хIуманаш, йа иштта цу маьIнехь йолу хIуманаш малар-яар-тохар хьарам ду нагахь санна хIокху кхаа бахьанех цхьа бахьана делахь: 1) Нагахь санна цара муьлхха кепара зен деш делахь, хуьлийла иза гергарчу хенахь, йа тIейогIу йолчу хенахь, хуьлийла иза дегIана, йа хьекъална, йа синна, йа муьлхха а кхечу агIор. 2) Нагахь санна цара корта бахош белахь, йа царна юкъахь вахош йолу хIума елахь. 3) Нагахь санна царна юкъахь нажас лоруш хIума елахь, йа шариIато яа магош йоцу хIума елахь.[1] Оцу кхаа бахьанехь цхьа а бахьана дацахь, и хIуманаш хьарам яц. Ткъа зен деш хилар а, ца хилар а лоьраша а, Iилманчаша а, спортан говзанчаша а билгалдан деза. ТIаккха, кхузахь кхин цхьа хIума ду, лакхахь долчуьнца доьзна: нагахь санна цхьанхьа дIахьуш спортан къийсамаш белахь, цу къийсамашкахь хIоттийначу низамца и ницкъ тIебоуьйту хIуманаш лелор дихкина делахь, уьш лело мегар дац цу къийсамашкахь дакъа лоцучо, хIунда аьлча иза Iехор а, харц лер а, низам дохор а, барт бохор а ду. Цу къийсамийн низамана реза а волуш цу юкъа ваханчо и низам лардан деза, шариIатана доьхьал долу хIума доцург. Ткъа, и ницкъ тIебоуьйту хIуманаш лелор яц аьлла биллам хIоттор а, цу тIехь барт хилар а шариIатана доьхьал догIуш хIума дац, муххале а, спортаца йоьзна йолчу шариIатан Iалашонашца цхьаьна догIуш хIума ду. Оцу Iалашонех ю, масала, бусалба стеган дегI кхиор, ницкъ кхиор, могшалла кхиор. Ткъа къаьсттина къовсамехь толархьама ницкъ тIебаийта молучу хIумано йа могшалла а ца кхиайо, йа ницкъ а ца кхиабо, йа дегI а ца кхиадо. Мелхо а, дуккха а лоьраша а, Iилманчаша а дийцарехь, къийсамашкахь ницкъ совбаккхархьама лелош долчу оцу молханаша дуккха а зенаш до. Цундела, ларвала веза бусалба стаг цу гIуллакхах. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 04.11.2009 |