|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зудчо стагера салам хьа эца мегаш дуй, йа дала мегаш дуй?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Амма зудчо а, стага а вовший салам даларх лаьцна аьлча – (цу хьокъехь) Имам Абу СаIд ал-Мутаваллийс аьлла: «Нагахь санна иза цуьнан зуда елахь, йа цуьнан гIарбаш елахь, йа цунна ялор хьарам долчу зударех цхьа зуда елахь, иза цуьнца борша стаг борша стагца санна ю. Цундела, цаьршиннах хIоранна а дика лоруш мелехь хIума ду вовшашка салам далар, шега салам деллачо схьаэцар важиб а ду. Ткъа нагахь санна и зуда цунна хийра зуда елахь, тIаккха шех питана хиларна (Iехаваларна) кхерам болчу кепара иза хаза а елахь, цуьнга салам лур дац борша стага. Цо цуьнга салам делчи а, зудчо цунна доьхьал жоп дала а мегар дац. Иштта йолчу зудчо борша стаге а лур дац салам, цо (мегаш доццушехь) салам лахь – цунна доьхьал жоп далар хьакъ дац. (Жоп далар догIуш доццушехь) борша стага цуьнан саламна жоп лахь – дика лорур дац (макрухI хир ду) иза цунна. Нагахь санна и зуда шех питана хир доцуш йолу йоккха зуда елахь, цо борша стаге салам дала мегар ду, борша стага цуьнан саламна доьхьал жоп дала дезаш а ду. Нагахь санна зударий цхьаннал-шиннал сов белахь, борша стага цаьрга салам дала мегар ду; йа божарий дуккха а белахь, цара цхьана зудчуьнга салам дала а мегар ду; нагахь санна (масех зудчуьнга салам луш волчу) оцу борша стагана а, (йа шайга салам луш а, схьаоьцуш а йолчу) оцу масех зудчунна а, (йа масех борша стаге салам луш йолчу) оцу зудчунна а, (йа цхьана зудчо шайга салам а луш, шаьш цунна жоп а луш болчу) оцу божаршна а цунах питана хиларна кхерам бацахь». Вай дийцина Абу Давудан а, Тирмизийн а, Ибн МаджахIан а «Сунан» цIе йолчу жайнашкахь а, кхечу жайнашкахь а, Йазидан йоIа Асмаа (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Тхо – зударий – цхьана меттехь Iаш долуш, тхуна уллех тIехволуш АллахIан элча вара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), тIаккха цо тхоьга салам делира». Тирмизийс аьлла: «Дика хьадис ду иза». ХIинца ас хьахийна долу и хьадис Абу Давуда дийцинчу дешнашца ду. Ткъа Тирмизийс дийцинчу дешнашкахь деана ду, Асмаа элира аьлла: «Цхьана дийнахь АллахIан элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вара маьждиг чухула дехьа волуш, цу чохь хевшина Iаш цхьа зударийн тоба а йара, тIаккха цо цаьрга куьг гайтира салам луш».[1] Кхин а вай дийцина Ибн ас-Суннийн жайни тIехь, IабдуллахIан кIантера Джарирера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Делан элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьана зударшна уллех тIехволуш хиллера, тIаккха цо цаьрга салам а делира, аьлла. Вай дийцина Бухарийн «Сахьихь» жайни тIехь, СахIл ибн СаIд ас-СаIидийс (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Тхуна юкъахь цхьа зуда йара» - кхечу дийцарехь иштта аьлла а ду иза – «Цхьа йоккха стаг йара…» - «рузбан ламаз динчул тIаьхьа цуьнга салам дала доьлхара тхо, цо хорсам йа бурак йай чу а тоссий, тIаккха цу йай тIе цхьа кIеззиг мукх а охьий, иза тхуна хьалхабуьллура». Кхин а вай дийцина Муслиман «Сахьихь» жайни тIехь, Абу ТIолибан йоIа Умм ХIаниа (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Макка яьккхинчу дийнахь Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу еара со, иза луьйчуш вара, иза дIахьулвеш ФатIима (ПетIамат) а йара, тIаккха ас салам делира…» - кхидIа и хьадис дийцина цо».[2] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг, Дала къинхетам бойла цунах. Оцу кеппара, шена хийра йоцучу зудчуьнга борша стага салам дала мегаш а ду, далар дика а ду. Иштта зудчо а дала мегаш ду салам шена хийра воцучу борша стаге. Цхьаммо вукхуьнга салам делчи, схьаэцар важиб а ду цаьршинна хIоранна а. Ткъа нагахь санна зуда хийра елахь, и зуда къона а елахь, борша стага цуьнга а салам лур дац, йа иштта йолчу зудчо хийра борша стаге а салам лур дац, хIунда аьлча питана хиларна кхерам болу дела. Зуда ханна йоккха а елахь, питана хиларна кхерам а бацахь, борша стага зудчуьнга салам дала а мегар ду, зудчо борша стаге салам дала а мегар ду. Кхин а, салам луш йолчу шина агIонах цхьахаберш дуккха белахь, цара вовший салам дала а мегар ду, питана хиларна кхерам бацахь. ТIаккха, хууш ма хиллара, вайн къома юкъахь божарша зударшка салам далар а, зударша божаршка салам далар а лелош дац, тамашийна хеташ хIума а ду. Цундела, адам цец ца даккха а, хьашт доцу къамелаш-эладитанаш ца хилийта а, цакхетам ца хилийта а, адамашна юкъахь Iилма довззалц, вайн маттахь лело мегар ду салам далар. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла цу хьокъехь: «Iаьрбийн маттахь а доцуш, кхечу маттахь салам даларан хьокъехь шафиIий мазхIабехь кхаа кепара аьлла ду: мегар дац аьлла а ду; мегар ду аьлла а ду; Iаьрбийн маттахь далалуш велахь кхечу маттахь делча тоам хир бац аьлла а ду. Ас боху: нийса дерг – кхечу маттахь салам далар нийса хилар ду, нагахь санна шега салам луш верг цунах кхеташ велахь. (Иза мегаш хилар тIехь) башхула а яц, Iаьрбийн маттахь далалуш волчунна а, воцучунна а юкъахь. Иштта делла долчу саламна жоп далар важиб а ду, хIунда аьлча (кхечу маттахь луш делахь а) цунах салам далар а, маршалла далар а олу дела. Ткъа дика хуург АллахI ву».[3] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг. Оцу кеппара, «Делера маршалла ду хьоьга», йа «Делера салам ду хьоьга», йа дагчохь лууш дерг Делера ду алар а долуш «Маршалла ду хьоьга» ала мегар ду. Жоп луш волчо «Делера маршалла хуьлда хьуна а» эра ду. Ткъа хийра адам доцучахь, шайлахь-вовшашлахь «Ассаламу Iалайкум» эра ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 17.12.2010 = 1432-01-11 [1] Кхузахь Iеламнаха аьлла: оцу хьадисехь «куьг гайтира» бохург – маттаца а, куьйгаца а салам делира бохург ду, хIунда аьлча оцу вукху дешнаша гойтуш дерг цо иза маттаца делла хилар ду, хIокху дешнаша гойтург куьйгаца делла хилар ду, цундела и шиъ цхьаьне дина хилар го вайна цунах. [2] «Ал-Азкар», 266-267. [3] «Ровдатут-тIолибин», 10/230.
| КхидIа |