|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Салам нийса далар муха ду? Цхьа болчара: «Салам Iалайкум» олу. И нийса дуй иштта аьлча, цуьнан маьIна галдолий-теша?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. Дика дерг а, гIолий дерг а: «Ассала́му Iалайкум» алар ду.[1] Иштта ду «Ассала́м Iалайкум» алар а.[2] «Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI» аьлча ме́л алсам бу. 2. ТIаккха , «Сала́мун Iалайкум» алар а мегаш ду.[3] ХIара а, хIокхул хьалха долу гIолий дерг а Къуръан тIехь а, хьадисашкахь а деана ду, шинне кепара. 3. ТIаккха цул тIаьхьа догIуш «Сала́му Iалайкум» а, «Сала́м Iалайкум» а ду. И шиъ иштта ала мегар ду аьлла цхьаболчу Iеламнаха.[4] Ткъа дика хуург АллахI ву! 19.06.2011 = 17.07.1432 [1] Имам ан-Нававий, «Ал-Азка́р», 258; Имам Ибн Iаллан ас-Сиддикъий, «Ал-Футу́хьа́тур-рабба́ниййахI Iалал-азка́рин-нававиййахI», 3/30. [2] «Хьа́шийтуш-шибро́мулсий Iала нихIа́йатил-мухьта́ж», 1/535; «Хьа́шийатуш-ширва́ний Iала тухьфатил-мухьта́ж», 2/90. [3] Уьзза жайна. [4] Имам Ибн КъудамахI, «Ал-МугIни́», 1/398; Имам Ар-Рамлий, «Фата́ва́ ар-рамлий», 4/49; Имам Сулайман ибн Iумар ал-Джамал, «Хьа́шийатул-джамал Iала́ шархьил-манхIадж», 5/185.
|