|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Имам ша бисмилла дешча, тIаьхьахIоьттинчо дешшалц Iан везий? Цхьаболчара имамо собар дан дезаран бух бац ма боху. Баркалла.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам, ша «бисмилла» дешначул тIаьхьа, ша жимма са а доIуш, тIаьхьахIиттинчаьрга «бисмилла» а доьшуьйтуш сацар «мустахьабб» (дича мелехь долу хIума) ду. Имам Ибн Къудáмас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, «Ал-МугIнú» жайни тIехь: «Имам ша «Фатихьат» дешначул тIаьхьа жимма собур деш сецча дика ду, ша са а доIуш, шел тIаьхьа болчаьрга «Фатихьат» а доьшуьйтуш, шеца уьш къовса а балийтархьама. ХIара ду имамийн: АвзáIийн а, ШафиIийн, Исхьáкъан а мазхIаб. Ткъа Маликана а, хьанафийн мазхIабан Iелам-нахана а дика ца хетта иза». Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – боху, ша а, кхечу Iелам-нахера схьа а: «Имам «Фатихьатал» тIаьхьа сецча дика ду, тIаьхьахIоьттинчо иза доьшур долччу юкъана».[1] Ша «Фатихьат» дешначул тIаьхьа имам сацар «мустахьабб» хиларна цаьршимма шимма а тешаллийна далийна Хьасан Ал-Басрийс дийцина хьадис: «Джундубан кIант Самурат а, Хьусойнан кIант Iимран а вовший хьадисаш карладохуш вара, тIаккха Самурата дийцира, ша Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа шина меттехь сацар Iамийна аьлла, такбир дича сацар а, «гIойрилмагIдýби IалайхIим валаддóллúн» дешча сацар а. ТIаккха иза иштта дац аьлла цунна доьхьало йина Iимрана. ТIаккха цаьршимма кехат яздина КаIбан кIант Убайй волчу (Мединате). Цо цаьршинна жоп луш яздинчу кехат тIехь хилла: «Самурата (хилларг ма-дарра) Iамийна».[2] Оцу хьадисехь лууш долу сацар жамаIат ламазехь имам сацар ду. Цхьаболчу Iелам-наха хIара хьадис гIийла лерина, делахь а дукхах болчара нийса лерина иза. «Фатихьат» дешначул тIаьхьа имам сацарх лаьцна болу къовсам хьалхе дуьйна схьабогIуш бу, цундела, иштта имам сацар нийса ца хетачеран дош схьаоьцучунна мегар дац, и сацар бидIат ду баха а, иза дукха чIогIа чIагIдан а. ХIетте а, тахана цхьаболчу наха и гIуллакх дукха даздина дуьйцу, иза дукха чIагIдина леладо, цунна бидIат олий цIе туху. И вай лакхахь дийцина хьадис гIийла хеташ воллушехь, и сацар Iаддитича гIолий ду аьлла хеташ воллушехь, Шейх Ибн База аьлла: «Амма цунна бидIат ду алар – цуьнан цхьа а агIо яц, хIунда аьлча Iелам-нахана юкъара цунах болу къовсам бевзаш болу дела… Цхьадолчу хьадисашна тIе а доьгIна, иза суннат ду аьлла болчу Iелам-наха аьлларг схьа а эцна, иза лелош волчунна тIехь гIалат хIумма а дац. И хаттар дукха чIагIдан ца оьшу».
Ткъа дика хууш верг АллахI ву! |