Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Суна хаа лаьара рузбане воьдуш верг, обязательно пятницехь лийча везаш ву, я кхечу дийнахь лийчича мегаш ду. Дела реза хуьлда къахьегарна.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Рузбане воьдург рузбанна лийчар чIагIдина суннат ду. Оцу лийчаран хан пIераскан дийнахь Iуьйра ламазан хан хилча дIайолалуш ю аьлла Iеламнаха, хIунда аьлча и лийчар дуьйцуш хьадисашкахь хьехориг пIераскан «де» ду, ткъа и де Iуьйра ламазан хан хиларца дIадолало, цундела Iуьйра ламазан хан хиллачул тIаьхьа лийчича бен рузбанна лийчина лоруш вац. Цул совнаха, кхечу дийнахь лийчича и лийчар дика лараран бахьана а кхочуш ца хуьлу. Хууш ма-хиллара, и лийчар Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) чIогIа чIагIдина суннат лерина хиларан бахьана рузбане воьдучо шен дегI цIандар ду, шех йогIу вон хьожа дIаяккхар ду, шена гонаха хир долчу адамашна шех новкъарло ца хилийтархьама. Цундела, рузбане ваха аравала гергга ваххалц тIаьхьататтар дика лоруш ду и лийчар (цуьнан хан Iуьйрал тIаьхьа дуьйна йолалуш елахь а, рузбане ваха араволучу ханна мелла а герга хилийтар дика ду иза). Ткъа кхечу дийнахь лийчича и бахьана кхочуш ца хуьлу дукхах долчу хьелашкахь.

ГIолий хуург сийлахь АллахI ву!

21.01.2011 = ‏17‏.02‏.1432