|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар:
Ассаламу
Iалайкум! Хьуна Дала
диканца бекхам бойла сан хаттарна жоп даларна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дала диканца бекхам бойла хьуна а! Имамо хутIба дIадерзош доIа дечу хенахь, цо ши куьг хьалаайдар суннат дац, муххале а ца айдар суннат ду. Муслима дийцина, Руайбатан кIанта Iумарата – Дела реза хуьлда цунна – Марванан кIанта Бишрас хутIба дечу хенахь ши куьг хьалаайдина шена гича, цо элира аьлла: «АллахIа сийсаз дойла хIара ши куьг! Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен куьйга иштта хIара деш бен ца гина суна» - тIаккха шен хьажон пIелг хьалаайбира цо. Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «ХIокху хьадисехь ду, хутIба дечу хенахь куьг хьала ца айдар суннат хилар. Иза иштта аьлла Малика а, вайн мазхIабан Iелам-наха а, кхечара а. Iийад къедано дийцина, цхьаболчу хьалхалерачу Iелам-нахера а, цхьаболчу Маликин мазхIабан Iелам-нахера а схьа, цара иза магийна аьлла, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша хутIба дечу хенахь, догIа доьхуш доIа деш ши куьг хьалаайдина дела. Ткъа, цуьнан жоп – цо иза, тIехIоьттинчу цхьана хьолана дина хилла хилар ду».[1] Имам Нававийс лакхахь ма-хьаххор, дукхах болчу Iелам-наха оцу асхьабан дашна тIе а доьгIна, имамо ша хутIба деш доIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдар суннат дац аьлла, догIу доьхуш доIа деш бен, ткъа догIа доьхуш доIа дечу хенахь имамо а, ладугIуш болчара а массара а куьйгаш айдар суннат ду, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – асхьабаша а айдира аьлла дийцина хьадис долу дела. Амма имамо доIа деш ладугIуш болчу наха куьйгаш хьалаайдар – цхьаболчу Iелам-наха уьш а имам санна лерина, цундела цара а куьйгаш айдар суннат дац аьлла цара, ткъа цхьаболчара магийна царна куьйгаш айдан, доIа деш куьйгаш айдар дуьйцучу юкъара хьадисашна тIе а тевжина, и ца магош долу хьадис къаьсттина имам вуьйцуш долу дела, оцу хьадисан цхьадолчу некъашкахь хьахийнарг доIа дар а доцуш, хутIба дечу хенахь куьйгаш ца айдора аьлла а долу дела. Цундела, магийначу Iелам-наха аьллачунна тIе а тевжина куьйгаш хьалаайдеш волчуьнга ма айде алар а нийса хир дац, ца айдеш волчуьнга айде аьлла тIедожор хиллане а нийса хир дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
ШолгIачу хаттаран жоьпе хьажа: Парз ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар |