Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Суна хьа сайт йойзина цхьа шиъ-кхоъ бен де дац, дукх пайдехь хIума хии суна. Дела рез хийл хьуна, тха хаттаршна жоп даларна.

Са цхьа хаттар дара хьоьга. Суна цхьана хьехамехь хезнер, зудчо шен цIийн-дега хатта ца хотташ, цунгар пурба ца доьхуш неха бер дакхор чIогI во ду аьлла. Къемат дийнахь и санна йолу зуда накхах хьала тесна жоьжагIатехь кхазор ю аьлла. Цунах лецна хIу эр дар ахь, и мел бакъ ду? ДжазакаллахIу хайран.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Iелам-наха билгалдина ду шайн жайнашкахь, зудчо шен цIийна-дегара пурба а доцуш, мехах нехан бер дакхо мегаш ца хилар, ткъа мегаш доцу хIума къилахь хIума ду.

Цуьнан бахьана, Iелам-наха дийцарехь, цу зудчуьнан ерриге хан шен хIусам-деца йоьзна ю, цундела, цуьнан пурба доцуш и хан кхидолчу гIулкхана хьажо мегар яц.[1]

Ткъа цара аьллачу оцу бахьане хьаьжча вайна билгалдо́лу, кхузахь лууш дерг цкъа-шозза бер дакхор дац, масала цхьанхьа цхьа гIуллакх тIеIоттаделла, ца дакхийча ца долуш хьал делахь. Муххале а, цигахь лууш дерг масийттозза бер дакхор ду, хIорозза а дакхош хан оьшур йолчу кепара. Цигара схьа аьлла Iелам-наха, нагахь санна цIийнада цхьанхьа кхечу махка вахана цIахь вацахь, тIаккха мегар ду иза аьлла.[2]

Цул совнаха, цхьаболчу Iелам-наха кхин бахьана а хьахийна цунна: хууш ма-хиллара, шен билламаш кхочуш хуьлучу кепара хийра бер дакхийча, и бер и дакхийна йолчу зудчуьнан бер санна хуьлу. Ткъа и хIума майрачунна ца хууш дар нийса ца хуьлу.

Амма иштта бер дакхийна йолу зудчунна хир долчух лаьцна ахь хьахийна дерг – цу хьокъехь дийцина хьадис суна девзаш дац, йа иза иштта ду аьлла Iелам-наха хьахош а гина дац.

Ткъа дика хуург АллахI ву!


 

 


[1] Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснал-МатIолиб Шархь Ровдит-ТIо́либ», 2/409; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-Мухьтадж», 24/325; Шейх Ибн Ал-Iусаймийн, «Аш-Шархь Ал-МумтиI Шархь Задил-МустакъниI», 10/5.

[2] Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснал-МатIолиб Шархь Ровдит-ТIо́либ», 2/409-410; «Тухьфатул-Мухьтадж», 24/325.