|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кредитах лаьцна ду сан хаттар. Суна хезнера и проценташ бохуш долу хIума чIогIа ца магийна ду, амма цхьацца долу хьолехь уьш лело мега бохуш хезнера суна, масала, дахар дукха хала хилча, ахча даккха цхьанхьа меттиг ца хилча и т.д. Со Iаш Россияхь ву, балхаца хала ду суна, лартIехь болх ца нисло, нисбелча а алап ледара хуьлу кхин хила йиш йоцуш. Ткъа кхаба безаш доьзал бу, гергарчарна гIо дан дезаш ду. Цхьа вариант нисйелла суна хIинца, цхьа квартира под залог банки дIаелла, тIаккха даькхан долу ахчнах сай цхьа гIуллакх дIадолало, тIаккха кхи дIа сайга ма-даллур и кредитий, процентший бохуш хIуманашца цкъа-цкъа связываться ца да дагахь вара. Магийна дуй сан хьолехь иштта кредит даккха? Йа мухха хала делахь, дийнахь мацалла леш ца хилча кредит ца докхуш кхидIа ваха веза? Жоп сиха дезара суна, амма со санниш дукха хира ма-буй шай хаттаршна жоп собар деш, цундела, хьайн аьтто ма-баьлняхь жоп лахьара ахь. Дела реза хуьлда.
Ассаламу Iалейкум! Олхазар, ас хьа сайт тIе в общий раздел яздинера сайн хаттар, амма хьа хан ца хуьлуш хир массаьрга жоп дала, амма ас чIогIа доьху хьоьга, хьа йиш елахь жоп даларн. Хаттар даг доийту ас. Тха доьзаляхь хал положений ю, финансово, болх беш сан да бен вац иза а уже жима стаг вац, а сан пока нийса ца ло болх цани хал. ТIаьхьарчу хенахь хал ду уже ваха, декхарш ду, кхаба дезаш масийтта стаг ву. Цхьа вариант нисйелира сун кредит под залог недвижимости бохуш. Дика ахча ло цара, и Дели пурбанц дика раскрутиться далур дара соьг, сай дена гIо деш, кхиболу доьзахлошан гIодеш, ткъа болх дIахутуш. Амма и кредит хьарам хIума ду боху, ткъа вай Исламехь цхьацца долу хьоляхь послаблениш ма юй, масала суна маьждиг чох хезнер хьагалла леш хилча гонах цхьанха хи ца хилч вино ма меги, мацалла леш хилч гонах цхьа юург ца хилч хьакхи жижиг даъ меги и т.д. Даже Халифат йолчхенах хIума лачкъийнарг карвеъч цун куьйг доккхуш ца хилла нагахь санна и хIум лачкъинарг бедняк велах, ша кхи да хIум доцуш виса висан цо и динях йа Пачхалках экономически упадок хилч и куьг отрубать ца даитор бох амиро нахан хал дуй хууш долу дер. Цундер бах ас, ишт сан холе хьаьжч дакха меги и кредит, хIума лачкъош ма ваци со мухха делахь. Ишт дякхан долу кредит халял санна лоруш хир дуй суна, къа-м летар дац? ЧIогIа собар деш ву хьа жоьпан, сан ваш!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша, ахь айхьа ма-аллара, риба лелор даккхийчу къинойх цхьаъ ду, Дала тIом кхайкхийна хIума а ду. Нагахь санна хьо и риба ца лелийча арахь вуьссуш велахь, нагахь санна и ца лелийча хьуна тIе мацалла хIуттуш елахь, хьо кIелвуьссуш велахь – тIаккха мегар ду хьуна иза лело, хIунда аьлча кхин дан хIума доцуш халонга кхаьчна волчу стагана шариIато магош ду хьарам хIума лелор, и хало дIаойъур йолчу барамехь. Ткъа нагахь санна хьан хьал иштта дацахь, и риба ца лелийча а хьо хене валалуш велахь (хьо а, ахь рицкъа латтор важиб долу хьан доьзал а) – оцу хьолехь хьуна иза лело мегар ду аьлла ца хета суна. Ткъа и лело магош долу хьал – лакхахь вай дийцина дерг – хьайгахь ду йа дац хьуна хьайна дика хуур ду. ТIаккха, Дала хьан рицкъанца аьтту бийр болу цхьадолу хIума дуьйцур ду вай. - Деле доIа деш, Цуьнга доьхуш хила, хьайна хьанал рицкъа далар а, хьайн аьтту бар а, хьайгара хало дIаайъар а. Дагчура массо кхидолу хIума дIа а даьккхина, цIенчу даггара ахь Деле дехча, Дала жоп ца луш вуьтур вац хьо. Ткъа, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) динчу доIанех ду иштта хIара доIанаш: «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, нисве Ахь со, рицкъ ло Ахь суна, могшалла а ло Ахь суна. АллахIаца ларло со, къемат дийнахь латтаран готталлех». «Йа АллахI! Ша-болу хастам бу Хьуна! Йа АллахI! Ахь дIахецнарг сацо стаг вац, Ахь сацийнарг дIахеца стаг а вац, Ахь тилийнарг нисван стаг а вац, Ахь нисвинарг тило стаг а вац, Ахь духатоьхнарг дала стаг а вац, Ахь делларг духатоха стаг а вац, Ахь генадаьккхинарг герга дало стаг а вац, Ахь герга далийнарг генадаккха стаг а вац. Йа АллахI! Хьайн беркаташ делха де Ахь тхуна тIе, Хьайн къинхетам а, Хьайн комаьршалла а, Хьайн рицкъ а делха де Ахь тхуна тIе. Йа АллахI! Ас цкъа а хедар доцу, дIадер доцу, лаьттар долу ниIмат доьху Хьоьга. Йа АллахI! Массо нехан Хьоьгахь хьашт хир долчу дийнахь ниIмат доьху ас Хьоьга, кхерам хир болчу дийнахь маршо а йоьху ас Хьоьга. Йа АллахI! Хьоьца ларлуш ву со Ахь тхуна деллачуьнан вонах а, Ахь тхуна ца луш сацийначуьнан вонах а». «Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам бе Ахь, со нисве Ахь, сан хьал то де Ахь, суна рицкъ ло Ахь, суна синтем а бе Ахь, со даржехь лакха ваккха Ахь». «Йа АллахI! Айхьа суна деллачу рицкъанах тоам беш хилийта Ахь со, цуьнах суна беркат а де Ахь, сан доцучун метта суна диканиг а ло Ахь». «Йа АллахI! Ас пайдане Iилма а доьху Хьоьга, дика-цIена рицкъа а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга». «Йа АллахI! Сан къина гечде Ахь, сан ков-керт шор де Ахь, сан рицкъанах суна беркат а де Ахь». «Йа АллахI! Айхьа суна лур долу уггар шорта рицкъа сан шераш алсам девлча хилийта Ахь, сан хан хада герга йахча хилийта Ахь».[1] - Хьайн Делах кхерар совдаккха хьажа хьо, дика Iамалш йарца а, вочух ларваларца а, Дела реза воцучу хIуманна генаваларца а, бакъдолуш, Делах кхийринчунна цунна ца моьттучу кепара рицкъа ло хьуна Дала. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен сийлахь Къуръан тIехь: [АллахIах кхийринчунна Цо паргIато лур ю (некъ гойтур бу). Цо рицкъа а лур ду цунна, цунна ца моьттучу агIор; АллахIана тIе болх биллинарг - Иза тоьаш ву цунна (гIо дан)).[2] - Деле гечдар дехар совдаккха ахь, бакъдолуш, Деле гечдар дехар совдаккхаро рицкъа совдоккху хьуна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла, Нухь пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен къоме аьлла хилларг дуьйцуш: [Ас элира: Гечдар деха шайн Деле! Бакъдолуш, Иза Гечдийриг ву шуна! (ДогIанца) стигал тIеелхор Цо шуна. Даьхни а, доьзалш а совбохур бу Цо шуна; бошмаш а лур ю Цо шуна, татолаш а лур ду Цо шуна).[3] Оцу айатийн маьIна деш, Имам Ибн Касира (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нагахь санна аш АллахIе тоба дахь, аш Цуьнга гечдар дехахь, шу Цунна муьтIахь а хилахь, рицкъа совдоккхур ду Цо шуна, стиглара беркаташ а делхор ду Цо шуна, лаьттара беркаташ а хьаладохур ду Цо шуна, ялта а хьаладолуьйтур ду Цо шуна, хьайбанера шура а хуьлуьйтур ю цо шуна; даьхни а, доьзалш а лур ду Цо шуна, шайна чохь тайп-тайпана стоьмаш долу башмаш а хуьлуьйтур ю Цо шуна, царна чохь лелаш татолаш хуьлуьйтур до Цо шуна».[4] Имам Аш-Шавка́нийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Оцу айатехь тешалла ду, Деле гечдар дехар – догIа даийтаран а, тайп-тайпана рицкъанаш хилийтаран а уггар даккхийчу бахьанех цхьа бахьана хиларна».[5] Имам Ал-Хьасан Ал-Басрийга (Дала къинхетам бойла цунах) цхьана стага йокъалла елхийна хилла, тIаккха цо цуьнга: «АллахIе гечдар деха», - аьлла. Кхечо шен мискалла елхийна цуьнга, тIаккха а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла цо. Вукхо: «Суна доьзалхо лахьара алий Деле доIа дехьа», - аьлча, цуьнга а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла цо. ВоьалгIачо шен йакъаелла беш йийцича, цуьнга а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла хилла цо. Массарна иштта жоп даларх лаьцна шега хаьттича, аьлла цо: «Ас сайгара ца аьлла хIумма а. Лекха хинволчу АллахIа боху сурат «Нухь» тIехь: [Гечдар деха шайн Деле! Бакъдолуш, Иза Гечдийриг ву шуна! (ДогIанца) стигал тIеелхор Цо шуна. Даьхни а, доьзалш а совбохур бу Цо шуна; бошмаш а лур ю Цо шуна, татолаш а лур ду Цо шуна)».[6] Иснад гIийла а долуш, шен маьIна нийса а долуш деанчу хьадисехь[7] аьлла ду: «Даим Деле гечдар доьхучунна Дала массо гIайгIанах паргIато лур ю, массо халонах кIелхьаравала некъ лур бу, цунна дагахь доццучу агIор рицкъа а лур ду».[8] Кхечу хьадисехь деана ду: «Бакъдолуш, Делан лайна рицкъа сацадо, цо латийна хилла долу цхьа къа бахьана долуш».[9] Хьанна хаьа, цхьана хенахь ахь латийна долу цхьа къа бахьана долуш рицкъа сацийна хила а мега хьуна Дала, хьоьгахь хало а хIоттийтина хьо Шега верзийтархьама, хьоьга Шега доIа дайтархьама, хьоьга Шега гечдар дехийтархьама, тIаккха хьох къинхетам а бархьама. - Хьайн доьзалца а, гергарчаьрца а долу гергарло леладе, иза чIагIде, хьайца хьа ца лелочуьнца а иза дIа а ма хададе. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Дала шен рицкъ сов даккха лууш волчо а, шен хан яхйалийта лууш волчо а шен гергарлонаш чIагIдойла».[10] - Хьайна Дала деллачунна а, хьайгахь долчунна а дагчохь реза хила, АллахIана хастам а бе, Цо хьайна деллачунна, иза кIеззиг бен дацахь а. Хьуна Дала делларг шайна ца делла дуккха а адамаш дуй диц ма де, дуьнена тIехь хIора дийнахь бохург санна мацалла леш адамаш дуй а диц ма де. Иштта ойла еш хьо хилахь, Дала хьайна деллачунна Цунна баркалла эра ду ахь, Цунна хастам а бийр бу ахь, иза мел кIеззиг бен дацахь а. Ткъа лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ткъа нагахь санна аш шукр дахь (баркалла алахь), Ас совдоккхур ма ду шуна. Ткъа аш керстадахь, бакъдолуш Сан Iазап чIогIа а ду).[11] Шукр дар, баркалла алар, хастам бар – долуш дерг совдаларан бахьана ду.[12] Ткъа, шукр дар, баркалла алар – иза даго мукIарло дар ду, дог къера хилар ду АллахIа деллачу диканашна, Цо деллачу ниIматашна; тIаккха АллахI хастор ду, Цо уьш даларна; тIаккха Цо делла и ниIматаш Иза реза варга хьажор ду (оцу ниIматашца Цунна Iеса ца хилар ду). НиIмат а, дика а керстадар (духатохар) – оцу вай дийцинчунна доьхьал дерг лелор ду.[13] Дала аьтту бойла хьан а, массо бусалба нехан а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.08.2010 = 22.08.1431 [1] И дерриге доIанаш хIокху жайни юкъара схьаэцна ду: «Уггар деза доIанаш (Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш)». [2] Сурат «Ат-ТIола́къ», 3 айат. [3] Сурат «Ну́хь», 10-12 айаташ. [4] «Тафсирул-Къуръанил-Iазим», 8/233. [5] «Фатхьул-къади́р», 7/313. [6] Иза дийцина Имам Ал-КъуртIубийс (Дала къинхетам бойла цунах). «Ал-джамиI лиахькамил-къуръан», 18/302. [7] Иштта аьлла цу хьадисах лаьцна Шейх Ибн Iусайми́на (Дала къинхетам бойла цунах). «Фатава нурун Iалад-дарб», 111/122. [8] Абу Давуд, Ибн МаджахI. [9] Ахьмад, Ибн МаджахI. [10] Ахьмад, Абу Давуд. [11] Сурат «Ибро́хIи́м», 7 айат. [12] Имам Аш-Шавканий, «Фатхьул-къади́р», 4/130. [13] Шейх Ибн Ас-СаIдий, «Тайсирул-каримир-рохьман», 422 агIо.
| КхидIа |