Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Ламаз карахь доцуш Къуран деша мегий? Масала, дIавижале ас сайн дагахь, Къуран схьа ца оьцуш Аль-Мульк сурат дешахь карахь ламаз доцуш, муха хира ду иза? Къа летара-м дац суна? Ткъа иштта дагахь и доьшуш хилч Iаврат дIакъевлина ца хилча хIумма дуй?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ламаз карахь доцуш Къуран деша мега, Къуръанах шех Iотта а ца луш. Мегаш доцург – ламаз карахь доцуш Къуранах Iоттавалар, йа иза схьаиэцар, йа лелор ду. Вуьшта, цунах Iотта а ца луш, ахь хьайн хаттарехь ма-аллара Къуран деша мегар ду, ламаз карахь ца хилча а.

Бакъду, иштта Къуран деша луучуьнан ламаз карахь хилар гIолий лоруш ду. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: "Ламаз эцна а волуш дешар дика ду (Къуран). Ткъа нагахь санна ламаз карахь доцуш дешахь – иза мегаш ду, цу тIехь массо бусалба нехан барт хилла а бу, цу хьокъехь долу хьадисаш дуккха а ду, девзаш а ду. Имамул-Хьарамайн (Ал-Джувайнийс) аьлла: "(Ламаз карахь доцуш дешначо) "макрухI"[1] долу хIума дина эра дац. Муххале а, дича гIолий дерг Iаддитинарг хуьлу иза".[2]

ТIаккха, Къуръан доьшуш хилча Iаврат дIахьулдина хилар билламе хIума дац, важиб долу хIума дац, мелхо а, лелийча дика долу хIума ду, Делаца а, Цуьнан къамелаца а гIиллакхе хилар ду.[3]

Цундела, дIавуьжучу хенахь "Ал-Мулк" сурат доьшуш хилча, йа муьлхха а кхидолу сурат, йа цуьнан цхьа да́къа доьшуш хилча, иза ламаз карахь а доцуш деша мегар ду, шен дагара доьшуш хилчахьана, Къуранах Iотта а ца луш. Iаврат ларалуш йолу дегIан меженаш ерриге дIахьулйина ца хилча а деша мегар ду иза, делахь а хазачу гIиллакхах ду Къуръан доьшучу хенахь хазачу куьцехь хилар.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

06.11.2009

 

 

 

[1] "МакрухI" – дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш хIума ду.

[2] Имам Нававий, "Ат-тибйан фи адаби хьамалатил-къуръан", 73.

[3] "Фатава аш-шабакатил-исламиййахI", фатва № 41376.