Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Суна тахана чIогIа хаза хьадис карийна! Деллахьа, и бакъ хьадис делахь ма хаза неха санна дош ду и! ХIара ду-кх и:

«В «Аль-фа’ида» аль-Хариджи приведен хадис от Хузейфы – да будет доволен им Аллах! – где говорится, что Пророк Мухаммад (да благословит его Аллах и приветствует) сказал: «Кто тысячу раз прочтет суру “Аль-Ихлас”, тот выкупит свою душу у Всевышнего Аллаха /и спасется от огня Ада/». Об этом упомянуто в «Аль-джами‘ ас-сагир». /См. в книге «Хазина аль-асрар»/ на 152-ой странице».

Деллахьа, гIийла хьадис-ам дац те и? Ма доза доцуш дика хир дара и бакъ хьадис хилча! Нагахь санна бакъ дацахь, сурат аль-Ихласах лаьцна бакъ хьадисаш яздахьара ахь, хьуна уьш хаахь нагахь санна. Масала, цхьа хьадис хаьа суна, иштта маьIна долуш: сура аль-Ихлас - треть Къурана.

Жоп лахьара ахь, Олхазар! Дала ницкъ а, Iилма а лолда хьуна!

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И ахь хоьттуш долу хьадис Шейх Ал-Албанийс (Дала къинхетам бойла цунах) кхоьллина ду аьлла карийра суна.[1] Цул совнаха, Шейх Ал-Албанийс аьлла: «Къул хIуваллохIу ахьад» эзарза дешаран дозаллих лаьцна нийса хьадис ца девза суна, мелхо а цунах лаьцна дийцина долу дерриге хьадисаш чIогIа гIийла ду».[2]

И хьадис кхоьллина а доцуш, йа чIогIа гIийла ду аьлла а доцуш, деккъа гIийла ду аьлла бен дацахьара, иза нийса хьадис ца хилча а иштта эзарза и сурат дешарехь Iамал йан мегар дара цуьнца, дукхах болчу Iеламнаха ма-аллара. Ткъа иза кхоьллина ду аьлла хилча, йа чIогIа гIийла ду аьлла хилча, Iамал йан мегар дац цуьнца. Бакъду, нисса эзарза дешча цхьа къаьсттина дозалла ду аьлла а ца хеташ, вуьшта и сурат дукха мел дийши а деза долу дела, деша мегар ду иза эзарза а, итт эзарза а, иза иштта дукха дешар вуно мелехь хIума а ду, хIинца вай дуьйцур долчу нийсачу хьадисашкахь деана ма-дарра.

«Ал-Ихлас» суратан дозалла дуьйцуш долчу хьадисашна юкъахь Iеламнаха нийса ду аьлла суна карийна долу хьадисаш хIорш ду:

И сурат дешаро ялсамани хуьлуьйту.

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дийнахь со Делан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вогIуш волуш, цунна цхьана стага доьшуш хезира: «Къул хIувалло́хIу ахьад. Алло́хIус-сомад. Лам йалид ва лам йу́лад, ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад», - тIаккха цо элира: «Хили цунна!». Ас хаьттира цуьнга: «ХIай АллахIан Элча, хIун хили?». Цо элира: «Ялсамани». И стаг волчу ваха лиира суна, цуьнга кхаъ баккха, делахь а Делан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) яахIума яарх сой тIаьхьависсарна а кхеравелла, сецира со. ТIаккха, цул тIаьхьа со и стаг волчахьа вахча, иза дIавахана карийра суна».[3]

И сурат дешар – Къуръанан кхоалгIа да́къа дешар санна ду.

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Схьагулло, бакъдолуш ас шуна доьшур ду Къуръана кхоалгIа да́къа». ТIаккха, схьагуллуш верг схьагулвелча, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), шен хIусамера ара а ваьлла, «Къул хIуваллохIу ахьад» дийшира. ТIаккха юха чувахара иза. ТIаккха оха элира вовшашка: «Стиглара цхьа хабар деанчух тера ду цуьнга, цундела чувахана иза (и сурат бен кхин хIумма ца доьшуш)». ТIаккха АллахIан Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аравелира, цо элира: «Бакъдолуш, ас шуьга элира айса Къуръанан кхоалгIа да́къа доьшур ду аьлла. Бакъдолуш, и (ас дешна долу сурат) Къуръанан кхолгIа дакъа санна ду шуна!».[4]

Абу Дардаэра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа да́къа дешалур дарий шуьга цхьаьнгга?». Асхьабаша элира: «Муха доьшур дара и Къуръанан кхоалгIа да́къа?». Цо элира: «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа да́къа санна ду». Кхечу хьадисехь деана ду цо элира аьлла: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа Къуръан кхаа декъе декъна, «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан да́къанехь цхьа да́къа а дина Цо».[5]

Абу Аййу́ба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа да́къа дешалур дарий шуьга цхьаьнгга? «АллохIул-вахьидус-сомад» (Ал-Ихлас сурат) дешначо – Къуръанан кхоалгIа да́къа дешна».[6]

Абу СаIид ал-Худрийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стагана хезна хиллера аьлла цхьана кхечу стага юх-юха «Къул хIуваллохIу ахьад» доьшуш. ТIаккха, ша́ Iуьйренга ваьлча, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу а веана, и шена хезнарг дийцина цо цуьнга, и сурат цхьа жима сурат хеташ а хилла цунна. ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Сайн са Шен керахь долчу (АллахIаца) дуй ма буу ас, бакъдолуш Къуръанан кхоалгIа да́къа санна ма ду иза».[7]

И сурат дезаро а, иза дешаро а АллахIана воьзуьйту.

Iа́ишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьа стаг вахийтина хиллера аьлла, тIемалойн цхьана тобанан куьйгаллехь. Ша́ шеца болчу накъосташца жамаIатца ламаз дечу хенахь, «Фатихьатал» тIаьхьа сурат дешначул тIаьхьа даим «Къул хIуваллохIу ахьад» дешарца дIадерзош хилла цо. Шаьш оцу гIазотера юхабирзича, цара и хIума Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцина. Цо аьлла: «И хIума иштта хIунда дора цо хатта цуьнга». Цара цуьнга иза хаьттича, цо жоп делла: «ХIунда аьлча иза къинхетаме волчуьнан (АллахIан) сифат (Иза вуьйцуш-вовзуьйтуш долу куц) ду, иза дешар (дукха) де́за суна». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «АллахIана иза везаш хилар дIахаийта цуьнга!».[8]

И сурат дезар ялсамани вуьгу бахьана ду.

И хIинцца вай дийцина долу хьадис кхечу дешнашца а дийцина ду, цуьнан чаккхенгахь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) оцу стаге хаьттина хиллера аьлла, «хIора ракаIатехь и сурат ахь дешаран бахьана хIун дара?», - аьлла. Оцу стага жоп делла хилла: «Бакъдолуш, суна дукха дезаш сурат ду иза». ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Хьуна иза дезаро ялсамани чу вигина хьо!».[9]

И сурат иттозза дешначунна ялсаманехь гIала (йоккха гIишло) югIур ю.

МуIаз ибн Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Чекхдаллалц иттозза «Къул хIуваллохIу ахьад» дешначунна АллахIа ялсамани чохь гIала-хIусам югIур ю».[10]

И сурат даим доьшуш хилар вуно доккха дозалла долуш ду. И сурат новкъахь дешар мелехь ду.

Абу УмамахI ал-Ба́хIилийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Табукехь а волуш, иза волчу Джабраил малийк деанера аьлла (Делера салам хуьлда цунна), Пайхамарга (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) МуIавийахI ибн МуIавийахI ал-Музаний дIаволла гIо аьлла. ТIаккха иза цига вахча, Жабраил-малийк охьадоьссина цу метте, шеца цхьаьна кхузткъе итт эзар малийк долуш. Цо шен аьтту тIам лаьмнаш тIе биллина, уьш цунна хьастаделла муьтIахь хилла. Цо шен аьрру тIам лаьттанаш тIе биллина, уьш а цунна хьастаделла муьтIахь хилла. ТIаккха, Пайхамара а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), Жабраил-малийко а, вукху малийкаша а докъа-ламаз дина МуIавийатана тIехь. Ламаз дина девлча, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хаьттина Жабраиле: «Муха кхаьчна хилла-те иза хIокху дарже?». Цо жоп делла цунна: «Цо «Къул хIуваллохIу ахьад» дешарца, ша́ ирахь хIоьттина Iаш волуш а, цхьана хIуманна тIехиъна дIавоьдуш волуш а, гIаш воьдуш волуш а».[11] Кхечу дешнашкахь иштта аьлла а ду иза: «Къул хIуваллохIу ахьад» цунна дезарца а, цо иза вогIуш а, воьдуш а, ирахь волуш а, хиъна Iаш волуш а, массо хьолехь а дешарца а».[12]

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Ал-Азка́р» жайни тIехь «Новкъахь зикр дар» цIе йолчу да́къана юкъахь дийцина и хьадис.

Иштта и хьадисаш ду суна карийнарш и сурат дешарх лаьцна, Iеламнаха нийса ду аьлла а долуш. Уьш доцурш кхидолу гIийла хьадисаш а ду цуьнан дозаллех лаьцна даьхкина, царна юкъахь буьйцуш болу ме́л хиларга догдохуш шайца Iамал йан мегар долуш ду уьш, чIогIа гIийла ца хилчахьана, кхоьллина а ца хилчахьана. Делахь а кхузахь уьш ца дуьйцу вай, жоп дукха дах ца далийтархьама.

ТIаккха, и сурат кхечу сураташца цхьаьна дешарх лаьцна а ду дуккха хьадисаш, масала тIаьххьарчу шина суратца цхьаьна дешарх лаьцна. Ткъа ахь хоьттург деккъа и цхьа сурат долу дела, цунах лаьцна дерг а дийцина тоам бийр бу вай хIинца кхузахь.

Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву!

04.07.2011 = ‏03‏.08‏.1432


 

[1] «ДоIифул-джамиIис-согIир», 833.

[2] «Силсилатул-ахьадисид-доIифахI», 6/333.

[3] Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 1478.

[4] Уьзза жайна, № 1479.

[5] Уьзза жайна, № 1480.

[6] Уьзза жайна, № 1481.

[7] Уьзза жайна, № 1482.

[8] Уьзза жайна, № 1483.

[9] Уьзза жайна, № 1484.

[10] Шейх Ал-Албаний, «Силсилатул-ахьадисис-сохьихьахI», № 589, 2/136.

[11] ХIокху хьадисан иснад гIийла ду, делахь а Хьафиз Ибн Хьаджара (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «И хьадис масийтта некъаца (иснадаца) деана ду, вовший чIагIдеш а ду и некъаш». «Лисанул-ми́за́н», 5/18. Хьажа кхин а: Мухьаммад ибн Iабдил-Вахьид ал-ГIо́фикъий, «Ламахьа́тул-анва́р ва нафахьа́тул-азхIа́р ва роййуз-замъа́н лимаIрифати ма́ варада минал-а́са́ри фи́ сава́би къо́риил-къуръа́н», 1127, (Дарул-башаирил-исламиййахI, 1997 шо, зорбанна кечдинарг: Д. РифIат Фавзи́ IабдулмуттIалиб).

[12] Мухьаммад ибн Iабдил-Вахьид ал-ГIо́фикъий, «Ламахьа́тул-анва́р», 1128.