Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

И "Къул йа аййухIал-кафирун" бохаш дола сура лехчи ца кара дира суна, и далахь хьайгахь, хIокху чу язда аьтто хир барий хьан?

Дела реза хуьлда хьуна!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И сурат Къуръан тIехь 109-гIа сурат ду. Къуръан тIера дешча дика хир ду ахь иза. Хьайна деша ца хаахь, Iамо хьажа, вуно чIогIа мелехь а, хIора дийнахь оьшуш а хIума ду хьуна иза.

Ткъа цуьнан маьIна иштта ду, Дала мукъа лахь:

«Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

Ахь ала: хIай АллахIах ца тешарш (керста нах)! Ас Iибадат (лолла) ца до аш Iибадат (лолла)  дечунна! Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна! Со а вац Iибадат деш (йа дийр долуш) аш Iибадат динчунна! Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна! Шун шайн дин ду, сан сайн дин ду!».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-06 = ‏25‏/08‏/1431