|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Со Къоран доьшуш ву, амма суна иза кIоргера ца хаьа, хьуьжаре ихина вац со, школехь Iамийна ас! Ас Къоран доьшуш гIалат даьккхича, йа дош нийса ца аьлча, суна къа летий, кхин а, соьга ладугIуш хуьлу чохь бераш! Дела реза хуьлда хьуна!
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ГIалаташца дешна а ахь Къуръан дешарх хьуна мел хир бу, Дала мукъа лахь, къа хир дац, хIунда аьлча хьо Iама лууш ву, гIалат далийта лууш вац. Цундела, хьайгара гIалат далара але Къуръан ца доьшуш ма Iе. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Къуръан дешарехь говза верг (АллахIана) муьтIахь долчу сийлахь малийкашца хир ву. Сеца а сецаш, халонца иза доьшуш волчунна ши ял хир ю».[1] Делахь а, хьайна хуучуьнца тоам бина ца Iаш, кхидIа а Iамо хьажа веза хьо иза, хIора элп нийса ала Iамо хьажа веза, хIора дош нийса деша Iамо хьажа веза. Хьайл дика хуучунна хьалха Iамо деза ахь, Iаморехь собаре хила а веза хьо. Иза а хьан декхар ду, и декхар кхочушдарехь хьуна вуно йоккха ял а ю.[2] Ткъа тахана, Далла бу хастам, муьлхха а маьждигехь аьтту бу Къуръан деша Iамо, хIора юьртахь-гIалахь дешна нах а, мутаIеламаш а бу, луучунна хьоьхур долуш. Цундела, балхаца, дешарца хилар бахьана долуш хIора дийнахь хьуьжаре ваха аьтту боцучо, Къуръан дикка Iаморна цхьа хан йала еза, кIирнах цхьа сахьт делла а. Къуръан Iамо догдаийта а, иза Iаморехь собаре хилийта а, цуьнан дозалла дуьйцуш долу цхьадолу хьадисаш хьахор ду вай. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух уггар диканиг шена Къуръан Iамийнарг а, нахана иза дIаIамийнарг а ву».[3] «Къуръан деша аш, баккъалла а, иза ша доьшуш хиллачарна къемат дийнахь шафаIат дан догIур долуш ду шуна».[4] «Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа элп дешначунна цхьа дика ду, и цхьа дика итт дика санна а ду. Ас ца бах: “Алиф Лáм Мúм” цхьа элп ду, муххале а, Алиф – элп ду, Лам а – элп ду, Мим а – элп ду».[5] «Къуръанан накъосте[6] эра ду (эхартахь): «ДIадеша! (Даржехь) лакха вала! Хазчу мукъамца дIадеша, айхьа дуьненахь хаза доьшуш ма-хиллара. Бакъдолуш, хьан (ялсаманера) дарж ахь тIаьхььара дешначу аяте тIекхаччалц хир ду». [7] «Шен кийрахь (дагчохь) Къуръанах цхьаъа хIума доцуш верг доьхна цIа санна ву».[8] Дала Къуръанан охIлунах дойла вай! Дика хуург сийлахь АллахI ву! 24.10.2009
| КхидIа [1] Бухарий, Муслим. [2] Шейх Ибн Ба́з, «Фата́ва́ Нурун Iалад-дарб», 1/342. [3] Бухарий. [4] Муслим. [5] Тирмизий. [6] Къуръанан накъост бохург – иза доьшуш, иза Iамош, иза дезаш хилла волу стаг ву. [7] Къуръан дукха мел доьшу, даржехь сов вер ву хьо, меттиг лакхара хир ю хьан, хIора аятца лерам хир бу хьан бохург ду цуьнан маьIна. Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс дийцина и хьадис. [8] Тирмизий. |