Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Олхазар, компютор чохь хIокху сайт:

http://www.quranflash.com/en/quranflash.html

- тIера къуръан дешча китаб тIера дешча санна ду ала мегар дуй? Мел цхьатерра хир буй ала гIерта со. Компютор чохь деша жиммал атта дара суна.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Къуръан компютар чохь дешча а, телефон чохь дешча а, йа и шиъ санна болчу кхиболчу гIирсаш чохь дешча а (тахана духкуш лелош «электронни Къуръан» а ду), ша́ кехат тIера Къуръан дешча санна мел хир бу, Дала мукъа лахь.

ХIунда аьлча, иза кехат тIера дешарна а, оцу гIирсашца дешарна а юкъахь башхула йоцу дела.[1]

Кхин а, цхьаболчу Iеламнаха аьлла: Къуръан дагара схьа доьшучул а ша́ кехат тIера дешар гIолий ду. Иза гIолий хиларна цара дийцинчу бахьанашка хьаьжча, цхьаъ доцург (ламаз эцар доцург) кхидолу бахьанаш хIокху кепара дешча а кхочуш хуьлу.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.03.2010 = ‏14‏/04‏/1431


 

[1] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», № 49237.