|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дукхах болчу таханлера Iелам-наха мегаш дац аьлла, и программаш йинчара бакъо елла йоцучу агIор уьш лелор, церан бакъонаш йохор йолчу кепара уьш лелор, масала, ахь ма-аллара «кегйина программаш» лелор.[1] ХIунда аьлча, и программаш даьхни ду, уьш йинчара уьш еш дуккха а къахьегга, царна тIехь хан йайъина, дуккха а даьхни дайъина уьш кечйеш, тIейогIучу заманахь уьш дIайохкарца шайна са хилийтархьама. Цундела уьш муьлхха а кхидолу даьхни санна лору, масала машен а, телефон (заIар) а, муьлхха а кхидолу даьхни ларалуш долу хIумма а санна.[2] Ткъа хьадисехь аьлла ду: «Бусалба стеган даьхни цуьнан пурбанца бен лело мегаш дац».[3] Яздечу жайнийн а, керла юкъайохучу хIуманийн а, иштта и санна долчу кхидолчу гIуллакхийн а бакъонаш ларйан езаш хилар билгалдина ду таханлера ФикъхIан шина Гуламан сацамца цхьатерра.[4] ТIаккха, и хьакъ лардан дезаш хиларехь а, и бакъо йохо мегаш ца хиларехь а башхула яц и хьакъ дерг бусалба хилча а, керста хилча а, хIунда аьлча бусалба нахаца тIом беш воцучу керста стеган бакъо а бусалба стеганиг санна ларйеш ю. Амма нагахь санна оцу бакъонан да бусалба нахаца тIом беш болчерах велахь, цуьнан и бакъо ларйар важиб дац.[5] Цхьаболчу Iелам-наха мегар ду аьлла и программаш а, си́ди́ш а, жайнаш а ша шена лелорхьама церан сурт даккха. Амма нагахь санна церан сурт доккхуш верг цу балхах шена са́ хилийта гIерташ велахь, тIаккха хьарам хуьлу иза. Иштта олуш хиллачерах ву Шейх Ибн Ал-Iусаймийн, Дала къинхетам бойла цунах. Цо аьлла цу хьокъехь: «Нагахь санна и сидиш дина йолчу компанеша шайна цу сидийн бакъонаш ларйина ю аьлла билгалдина дацахь, мегар ду церан сурт даккха, хуьлийла иза ша шена, йа шен накъосташна а, йа уьш дIадохкархьама, хIунда аьлча уьш лардина доцу дела. Амма нагахь санна цара уьш даржоран бакъонаш ларйина ю аьлла делахь, тIаккха, бусалба ларалуш долу вай дерриге дуьнена тIехь уггар чIогIа и хIума лардеш дерш хила деза. Ткъа вайна ма-хаъара, низамо цхьана хIуманан хьакъ лардина шена дуьтуш хилча, иза дохош дац цхьамма а. ХIунда аьлча, вай и неI дIайиллича, и болх бина йолчу компанина доккха зен хир ду. Масала, хIара компьютер еш оцу компанино вуно дукха ахча дайъина хила тарло, тIаккха цунах сурт даккха а долийна, иза яржо йолийча, пхибIе соьмах юхкуш хиллачуьнан мах мел хир бу? Пхи сом хир бу! Иза зен ду, ткъа вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шена а зен дан мегаш дац, йа кхечунна а зен дан мегаш дац». Ткъа цу хьадисо массо хIума чулоцу. Цундела ас бусалба нах кхетаре догдоху, бина болу барт а, чIагIо а, тешамалла а уггар чIогIа ларйан безарш бусалба нах хилар. Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхерам белла вайна тешнабехке хиларх. Тешнабехк хьенан куц ду аьлла цо? Мунепакъийн куц ду аьлла. … ТIаккха, массо керста стаг вац шен даьхни а, шен цIий а хьанал хуьлуш. ТIом беш волу керста стаг, масала жуьгтий санна, иза тIом бен керста ву. Амма вайна а, шайна а юкъахь бина барт болу керста нах, иза бертахо ву, и барт юкъарчу чулацамца бина белахь а. Ткъа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бертахо (волу керста стаг) вийначунна ялсаманин хьожа йогIур яц». Бусалба нах массо нахал чIогIа бу барт ларбарехь. Цундела бах вай: нагахь санна оцу компаниша арахоьцуш йолчу хIуманийн бакъонаш цара шайна ларйина яцахь, иза атта хIума ду. Цундела мегар ду ахь цу хIуманийн сурт даккха хьайна а, хьайн накъосташна а, дIасаекъархьама а. Нагахь санна цара бакъонаш ларйина елахь, тIаккха мегар дац иза. Кхузахь сан цхьа хала хаттар ду. Цхьана стагана оцу хIуманийн къаьсттина шена лелорхьама сурт даккха лиъча, оцу компанийна зен хир доцучу кепара, мегар дуй иза, йа мегар дац? Суна цу хьокъехь гуш дерг, Дала мукъа лахь, иза мегаш хилар ду, нагахь санна хьо цунах хьайна са́ хилийта гIерташ вацахь, цунах хьайна цхьанна пайда иэца лууш хьо велахь. Ас догдоху иза вон хIума ца хиларга. Бакъду, хала а, деза а-м ду суна иза, хIетте а ас догдоху иза къа ца хиларга, Дала мукъа лахь».[6] Бакъду, шен аьтту белахь, шен таро а елахь, ларвалар гIолий ду Ибн Iусаймина тIаьххьара аьллачух а, хIунда аьлча къемат дийнахь шеко йоцуш хаттам бийр бац иза Iаддитича. Цундела, нагахь санна хьайн иэца аьтту белахь, таро а елахь, «кегйина программаш» ца лело хьажа, АллахIана хьалха цIена а хир ву хьо, са паргIат а хир ду хьан. Къаьсттина чIогIа иза чIагIло хьуна, иэца хала а йоцуш, каро атта а йолуш йолчу программийн хьокъехь, механа дукха еза йоцучу программийн хьокъехь. Ткъа нагахь санна иэца аьтту бацахь, таро а яцахь, тIаккха ахь айхьа хьайна уьш иштта лелийча къа ца хила а мега, цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара.[7] Ткъа дика хуург АллахI ву!
07.02.2009 [1] «Фатава Ал-Ислам Ал-Йавм»: Шейх Юсуф Аш-Шубайлий, № 53497; Шейх Халид Ал-Къосим, № 46190. [2] «Фатава Ал-Исламил-Йавм», № 22914. [3] БайхIакъий, ДарукъутIний. [4] «Къара́ра́т ва тавсийа́т МаджмаIил-ФикъхI ал-Исламий», сацам 43; Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, «Фатава Ал-Ислам: Суал ва Джаваб», № 81614. [5] «Фатава Ал-Ладжнатид-ДаимахI», № 18453. [6] Iаьрбийн маттахь и къамел карор ду кхузахь: http://dinulislam.org/audio/1usaymin.prog.copy.rm [7] Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, «Фатава Ал-Ислам: Суал ва Джаваб», № 21927.
|