Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Берана прививка йайта мегаш дуй-те Бусалба динехь?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мегаш ду. Мегна ца Iаш, дика лоруш хила йиш йолуш а ду иза - цхьацца цамгарш яьржина йолчу цхьадолчу мехкашкахь, и прививка ца йар бахьана долуш бераш даларш нисло бохуш дуьйцу лоьраша а, Iилманчаша а. Прививка йича цамгарна доьхьало йалуш хилар а, иштта и хIума хIокху вайн заманахь довзар а Делан къинхетам бу.

Цамгар хилале цунна доьхьало йан мегаш хиларна а, иза ца хилийта бахьанаша лело мегаш хиларна а, цигара схьа прививка йан мегаш хиларна а Iеламнаха тешалла даладо Бухарийс а, Муслима а дийцина долу хьадис: «Iуьйранна ворхI уггар дика хурма юуш хиллачунна цу дийнахь зен дийр дац дIаьвшо а, бозбунчалло а». Цу хьадисехь, цамгар ца хилийта лелош долу бахьана ду дуьйцуш, прививка а оцу кепара еш ю, цундела иза тешалла ду прививка йан мегаш хиларна.[1]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-03 = ‏22‏/08‏/1431


 

[1] Шейх Iабдул-Мухьсин Ал-Iаббад, «Шархь сунан Аби Давуд», 6/81, 20/198; Шейх Ибн Баз, «МаджмуI фатава Ибн Баз», 6/21; «Фатава мавкъиI ал-ислам суал ва джаваб», хаттар № 20276.