|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара: АЛЛАХIА цIе тIехь йолуш мохIур лело мегаш дуй? Дела реза хилла!!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дукхах болчу Iелам-наха мегаш ду аьлла, АллахIан – сийлахь а, веза а ву Иза – цIе тIехь йолу мохIур лело, АллахIан Элчано а (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) иза иштта лелийна хилла долу дела.[1] Иштта мохIур лелор дика ца лерина аьлла деана ду цхьаболчу хьалхалера Iелам-нахера схьа,[2] таханлера цхьаболчара а дика лоруш дац иза лелор, мич-миччахьа иза лелийча цу тIера цIеран сий лахлур долу дела.[3] Цхьадолчу хьадисашкахь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша нишка воьдучу хенахь шен мохIур пIелгара дIадаккхара аьлла. Цигара схьа аьлла Iеламнаха, Делан цIе тIехь йолу хIума нишка яхьар дика лоруш дац аьлла. Дика лоруш дац бохург хьарам ду бохург дац, ца даьхьча мелехь ду бохург ду. Вицвелла чудахьар нисделлехь, Делан цIе тIехь йолу тIехулара агIо куьйга кера юккъе ерзор дика ду.[4] Ткъа дика хууш верг лекха хинволу АллахI ву! Жоп делла хан: 14.11.2009. Жоп карладаьккхина хан: 21.05.2011.
[1] «Шархь Сахьихь Муслим», 7/181, Имам Нававий; «Фатхьул-Бари Шархь Сахьихьил-Бухари», 16/459, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий. [2] Уьзза жайна. [3] «Аш-Шархьул-МумтиI», 6/35, Шейх Ибн Ал-Iусаймин. [4] Имам ан-Нававий, «Ал-маджму́I шархьул-мухIаззаб», 2/73-74. |