|
|
| Видео |
|
БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Адаман дегIа тIера месаш кхаа декъе екъалуш ю. Хьалхарниг: дIаяхар дика ца лоруш йолу месаш ю, масала божарша маж дIаяшар санна, йа божарша а, зударша а цIоцкъамаш дIадахар санна, хIунда аьлча цу шинне хьокъехь даьхкина хьадисаш долу дела. ХIокху юкъадогIу хьадж, йа Iумрат дечо коьрта тIера мас дIаяккхар а. ШолгIаниг: дIаяхар дика лоруш, мелехь лоруш йолу месаш ю, шариIато дIаяхар тIедожийна йолу месаш ю. Масала, пхьаьрса кIелхьара месаш санна, бехкеметтиг гонахьара месаш санна, мекх ларгар санна, хIунда аьлча цу хIораннех а лаьцна даьхкина хьадисаш ду. КхоалгIаниг: шайн хьокъехь шариIатехь цхьанне агIор деана йа айат, йа хьадис доцу месаш ю. Масала коьрта тIера а, накхана тIера а, букъ тIера а, настар тIера а месаш санна. Оцу кепара йолу месаш дIаяха а, йита а мегар йолу месаш ю, хIунда аьлча шариIатехь церан хьокъехь деана цхьаъа хIума доцу дела, цундела адамо шена лаахь дIаяха мегар ду уьш, шена лаахь йита а мегар ду.[1] Бакъду, нагахь санна букъ тIера, йа кхечу мегаш йолчу меттера месаш дIаяьхча зен хир делахь – тIаккха мегар дац уьш дIаяха. Кхин а мегар дац иза нагахь санна керста-нахах тарвалархьама, йа борша стаг зударех тарвалархьама лелош делахь а.[2] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 15.08.2009 [1] «Фата́ва́ Аш-Шабакатил-Исла́миййахI», фатван лоьмар: 1926. [2] «Фата́ва́ Исла́миййахI», Шейх Ибн Ба́з, 1\219.
|