Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум! Мархи бутт дIабаьлча мас суннат марха кхаьбча дика ду?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна».[1]

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду».[2]

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна».[3]

И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.

Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.



23/09/2008.

 


[1] Ибн Хьиббан.

[2] Муслим.

[3] Ибн Ма́джахI.