|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Марха долуш лийча мегий?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Марха долуш лийча мега, делахь а кийра хи кхачийтарх ларвала веза. Iаишас а, Умм Саламас а – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIехIоттара Iуьйра ламазан хан, иза шен зудчунах лийчар тIедоьжна а волуш, тIаккха лийча а луьйче, марха кхобура цо».[1] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.08.2009
|