Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Даханчу шеран мархин баттахь 7 бутт кхаьчна доьзалхочух йолуш, цхьа 4-5 марха кхаьбна кхидIа кхаба ца луш диснера сан. ТIакха 2010 январь баттахь дуьйна уьш кхаба йиш йолуш яра со, делахь а ма-дарра дийцича мало еш, цхьана баттахь 2-3 бен ца кхобуш, хIинца кхобу тIаккха кхобу бохуш, кхин а хан ю-кх сан бохуш, хIокху хене хьа е́ли со. Диссина 9 марха дара сае, тIаккха хIинца уьш подряд кхаба йолаеллера со, но тахана и зударийн хуьлуш долу и лазар хилла йисси со, доьзалхо хиллачул тIаьхьа хилла дацара суна, цундела и хин долу хан хууш яцара суна. ХIинца 4 марха кхабанза дисси са, айса хIун дан деза ца хууш йоьхна хьийза со, айса йинчу малонна чIогIа дохко яьлла. И шолгIа мархин бутт тIекхачале уьш дIа кхаба деза аьллера соьга, хIинца айса хIун дан деза ца хаьа суна. Дан цхьаъа хIума дуй циг? Цхьа хьехар лахьара ахь суна.

АллахI реза хилийла хьуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! Хьайн кхабаза диссина хилла марханаш, хьайга кхабалушшехь шолгIа мархин бутт тIекхачале ца кхобуш дитарца къа латийна ахь. Иштта и дан мегаш дацара хьуна, хьайн уьш доькхуш кхаба таро хиллехь кхаба дезара ахь уьш. Ткъа цу балхана ахь хьой дохко яьлла боху, иза дика хIума ду. Деле хьайна гечдар а деха, тоба а де хьайгара яьллачу ледарлонна, Дала тоба къобал а дийр ду хьан, Цо гечдийр а ду хьуна, бакъдолуш Иза – тоба къобал дийриг а, гечдийриг а ву.

ТIаккха, цул совнаха ахь дан дезарг хIун ду аьлча – хьайн кхабаза диссина долу диъ марха, хьайн и «лазар» мархин бутт тIекхачале дIадалахь, доькхуш кхаба деза ахь. Цхьа де хьалха дIадалахь, цхьаъ кхаьбна а кхаба деза ахь. Хьайн и «лазар» дIа ца далахь, йа иза дIа а даьлла, делахь а оцу деаннах цхьадерг бен кхаба хьо ца лараяхь, тIаккха хьайн диссина марханаш – хуьлийла уьш диъ, йа кхин а кIеззиг – доькхуш кхаба деза ахь мархин бутт дIабаьлча, марханаш даьстинчул тIаьхьа. ТIаккха, мархин бутт дIабаьллачул тIаьхьа айхьа доькхуш кхобур долчу хIора мархина тIера цхьацца кан даар дала а деза ахь (550 грамм ца кхоччуш), иза ахь хьайгара ялийтинчу ледарлонна шариIато хьуна тIедожош долу гIуда ду.

Оцу кеппара, нагахь санна хьан «лазар» мархин бутт тIекхачале дIа а ца даьлла, хьайн диссина диъ марха ахь доькхуш кхобуш хилча, хIора денна тIера 550 гр. хиллал даар дала деза ахь мискачу нахана. Дала дезаш долу даар – хьо ехачу махкахь наха кхачанна лелош долу дукхах долу даар ду, масала дуга, йа ахьар, йа хурманаш, и.кх.дI. Нагахь санна хьуна и даар дала хала хилахь, оцу барамехь долчу дааран мах бала а мегар ду ахь мискачунна.

ТIаккха, хIара санна долу хаттар вай дийцира хьалха кхузахь:

"Берах йолчу зудчо а, бер динчу зудчо а дитина марханаш доькхуш кхабар".

"Диссина ламазаш а, марханаш а доькхуш кхабар".

"Диссина марханаш доькхуш кхабар".

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-06 = ‏25‏/08‏/1431