Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI!

Маж дIаяшар къа дуй? Масала, станокацани эра ду-кх вай.

ТIаккха, мекх лело мегий?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дукхах болчу Iеламнахана гергахь маж дIаяшар къилахь лоруш ду, цхьаболчара иза къилахь дац олу, делахь а ца йошуш Iадйитича мелехь ду олу. Цундела, шен ма-хуьллу иза дIа ца яша хьажа веза, цхьа доккха бахьана дацахь.

Иза вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Маж лелор важиб ду йа суннат ду?».

Амма мекх лелор – нагахь санна хIокхунах лууш дерг маж дIа а яьккхина, мекх Iаддитар делахь, иза Делан Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Суннатна нисса бIостанехьа долу хIума ду, цундела иза иштта лелор дика дац.

Амма нагахь санна цунах лууш дерг ша́ и мекх меллалц хилийта мегар ду бохург делахь – иза балдийн йистош тIекхочуш дерг дацдан деза, кхидIа цул лакхара долу мекхаш куц ирча доккхучу кепара дукха дIасадахана хир делахь уьш а дацдан деза, хIунда аьлча бусалба стагехь оцу кепара долу хIума товш дац. ТIакхха, мекхех лаьцна дерг вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь:

«Мекх мел дацдан деза?».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.05.2010 = ‏19‏/05‏/1431