|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Цхьа
хаттар дара сан хьоьга: Маж лела яр важиб ду я суннат ду? Цхьаболчара
дIайаша цамега боха, вукхара цхьацца бахьнаш хилча дIаяккха мегар ду боху, и
дIайаша цамагар далилаш а, и дIайаша магийна хIумнаш а билгал дохуш
довзийтича тхуна пайда хир бара цунах. Дала аьтто бойла хьан айхьа болийначу
некъа тIехь. Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Хьалхалера а, таханлера а Iелам-нахана юкъахь хилпало йолуш хIума ду маж йитаран хьукм. Цхьаболчара, маж йитар важиб ду аьлла, и бохург – иза дIаяшар хьарам (къилахь) ду бохург ду. Вукхара, маж дIаяшар «макрухI» (ца дича мел а болуш, дича къа а доцуш долу хIума) ду аьлла. Доьххьаралерачеран далил – «Мекхаш дацде, мажош охьахеца», «Мекхаш лахде, мажош лелайе, цIарна Iибадат дечерах тар ца луш», «Мажош охьахеца, мушрикех тар ца луш» – аьлла, тайп-тайпана дешнашца даьхкина долу нийса хьадисаш ду.[1] Цу хьадисашкахь дерг омру ду, ткъа омруно луш долу хьукм важиб хилар ду. Цундела, маж лелор важиб ду, ткъа важиб долу хIума ца лелор хьарам ду, цундела, маж дIаяшар хьарам ду. Иштта аьлла маж лелор важиб динчара. Маж лелор «суннат» (лелийча мел а болуш, ца лелийча къа а доцуш долу хIума) ду, иза дIаяшар «макрухI» (ца дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш долу хIума) ду аьллачара, иза лелор Iадат лоручу хIуманех ду бах, кечваларца а, хазаллийца а, цIаналлийца а доьзна хIуманаш ду бах, ткъа иштта лору хIуманаш де аларца омру деш даьхкинчу хьадисех важиб хиларан хьукм ца долу, суннат хиларан хьукм долу. Цунна тешаллийна даладо цара масийтта нийса хьадисийн масалш: «Зайт-даьтта дуийла аш, иза шайна тIе а хьокхийла аш, бакъдолуш иза беркатечу диттах ду»[2]; «Къежйеллачу месашна (йа мажошна) басар дойла аш, жуьгтех тар ца луш»[3]; «Итт хIума ду муьлхха а адамаша шайн кхолламца лелош: мекхаш дацдар, маж охьахецар, сивак хьакхар, мера чу хи кхарзар, мIараш хедор, пIелгийн хуттургаш йилар, пхьаьрса кIелара чоьш дIадахар, Iавратан гуо дIабашар, хица цIано йар а, (хьадис дийцинчо аьлла: иттолгIаниг бага хи кхарзар дацахь, кхин хIун ду дага ца догIу суна)»[4]. Ткъа оцу хьадисашкахь дийцина долу дукхах долу хIуманаш Iелам-наха суннат хIуманаш ду аьлла, важиб ду ца аьлла, уьш Iадатех лоруш долу хIуманаш хиларна.[5] И вай дийцинарг цу хаттарехь коьрта дерг дара, кхечу некъашца а толлуш ду и хаттар Iелам-наха. Цул тIаьхьа, маж лелор важиб ду аьллачарна юкъахь а тайп-тайпана дешнаш ду, маж лелоран бараман хьокъехь. И довзуьйтуш вай дуьйцур ду Шейх Мухьаммад Ал-Хьасан Ад-Дадв цIе йолчу Iелам-стаге дина долу хаттар а, цо делла долу жоп а: «ХIара хаттар ду маж яц йарх лаьцна: маж дIаяшар санна дуй иза, йа цул лахара (кIеззиг) ду? Жоп: Маж нисйархьама а, цуьнан куц туодархьама а маж лахйар вон хIума дац, нагахь санна (ерриге дIа ца йоккхуш) охьахецна иза юьтур елахь. Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – хьадж-Iумрат дечу хенахь шен маж схьа а лоций, куьйгал совяьлларг дIахадош хилла. Абу ХIурайрас а деш хилла иза. Кхиболчу асхьабашна хьалха деш хилла хIума ду иза, церах цхьамма а инкарло а ца йина цунна. Абу Iумара (Ибн Iабдил-Барра) «Ат-ТамхIи́д» тIехь ма-дийццара, Имам Малика аьлла: «Мажах дIаяккха мегарг – ирча яьлларг а, дукха дIасайаханарг а ю». Цундела, ирча яьлларг а, дукха дIасайаханарг а дIахадо мегар ду, куц хаза битамехь хуьлучу хьоле кхаччалц. Делахь а цуьнан цхьа биллам бу – дIахадош ерг дIахадийча маж охьахецна хир йолчу кепара йисса езаш ю, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду: «Мажош охьахоьцийла аш». (Оцу маьIнийца тайп-тайпанчу дешнашца кхо хьадис ду кхузахь). ТIаккха Iелам-нахана юкъахь хилпало ю, оцу хьадисехь деанчу омрунна муьтIахь хиларан барам хьокъехь. ХIунда аьлча, оцу омрунна кхоччуш муьтIахь хила йиш ю, хьайн мажах цхьаъа а чо дIа ца хадорца, иза тIаьххьара дарж ду (бараман чаккхе ю). Юкъарчу барамехь муьтIахь хила а йиш ю цунна, мажах цхьаерг Iадйуьтуш, цхьаерг дIахадош. Уггар кIеззигчу барамехь муьтIахь хила а йиш ю цунна, и уггар кIеззиг барам важиб болу барам бу, цул совбаьлларг «мандуб» (дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш долчу) дарже кхочу. Ткъа цул кIеззиг долчул совдаьлларг «макрухI» (ца дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш долу хIума) хуьлу. Оцу кеппара, хилпало хилла Iелам-нахана юкъахь (маж йита езарехь) важиб болу уггар кIеззиг бараман хьокъехь. Церах дукхах болчара аьлла: важиб болу уггар кIеззиг барам – стаг гича, иза маж йолуш вуй хуур долу барам бу, цу барамца оцу хьадисехь деанчу омрунна муьтIахь хилар нислуш а ду цуьнан, цул совдаьлларг «манду́б» (дича дика а долуш, ца дича къа а доцуш хIума) ду дерриге куьйго лоцучу бараме кхаччалц, дерриге куьйго лоцучу бараме кхаьчначул тIаьхьа маж йитар мегаш дерг (джа́из) ду, ткъа шина куьйго лоцучу барамал совйаьлларг йитар «макру́хI» (ца дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш долу хIума) ду. Цхьаболчу Iелам-наха, дерриге куьйго лоццучул болу барам бу аьлла «важиб» (лелийча мел а болуш, ца лелийча къа а долуш) болу уггар кIеззиг барам. Делахь а иза хала хIума ду, хIунда аьлча мажош цхьатера ца хуьлу дела, ткъа цхьаболчу нахана маж яла а ца йолу. Ткъа, АллахIа адамехь кхоьллина болу юкъара барам – и бу ша́ бусалба стага лелийча иза маж йитина верг лоруш берг, омрунна муьтIахь хуьлуш верг а лоруьйтуш берг. Ткъа АллахIана вевза дика хила лууш верг а, воцург а».
ТIаьххьара дIадерзош аьлча нийса хир ду: еха месаш зударийн хазалла хиларе терра, маж божарийн хазалла ю. Имам ГIазалийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Маж – божарийн хазалла ю. … Иза - кхоллар кхачаме хиларан цхьа агIо ю, цуьнца божарий зударех къаьсташ а бу».[6] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 13.05.2009 |