Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Если суд (не шариатский) решил, что мне должна быть выплачена некая сумма денег как покрытие материального и морального ущерба, являются ли эти деньги для меня хьарамом? Должен заметить, что суд инициирован не мною. Более того, я его очень не хотел.

Нагахь санна шариIатца хьукм деш йоцучу кхиэло сацам бинехь, суна хилла долчу зенна доьхьал суна цхьана барамехь ахча догIу аьлла, и ахча суна хьарам дуй? Кхузахь билгалдан деза, и гIуллакх кхиэле ас делла ца хилар. Цул совнаха, со и хIума иштта хилийта лууш а вацара.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьал ахь ма-дуьйццу делахь, и ахча хьуна хьарам дац, нагахь санна иза шариIат агIор хьуна кхочуш делахь, шариIатан бакъонашца иза хьуна до́гIуш делахь.

Таханлера дуккха а Iелам-наха мегаш ду аьлла шариIатца хьукм деш йоцучу кхиэлашкахула шен хьакъ юхадерзо а, шен бакъо меттахIотто а, ларйан а, кхо биллам кхочуш хилчахьана:[1]

1) ШариIатца шен хьакъ юхадерзо аьтту ца хилар, масала шариIатан кхиэл яцахь, йа шариIат девзаш волчу Iелам-стаге гIуллакх къастадайта шолгIа агIо реза яцахь, иштта кхидIа а. Йа вуьшта аьлча, цу кхиэлашка верзар ца ваьллачу денна бен ца хилар, кхин некъ боцуш виссича бен цаьрга ца верзар.

2) ШариIатца хьукм деш йоцучу оцу кхиэлаша лелориг дагчохь къобал ца дар; шариIато хIиттийначу бакъонашца а доцуш, адамаша хIиттийначу бакъонашца кхиэл йар дагца къобал деш ца хилар, цу балхехьа цабезам хилар.

3) Оцу кхиэлаша бинчу сацамо кха́чош долу хьакъ а, бакъо а шариIато а кха́чош хилар. Масала, оцу кхиэлаша хьуна хIоккхул ахча кхо́чу аьлла сацам бинехь, и ахча хьуна шариIатан агIор а кхочуш хилар.

Ткъа хьайн гIуллакх оцу кхиэле делларг хьо вац, йа хьо и кхиэл езаш а вац, хьоьгара лелийна бахьана а доцуш хьуна бина сацам бу иза, цундела хьуна мегаш ду цу кхиэлан сацамо хьуна кхачош долу ахча схьаиэца, нагахь санна иза хьуна шариIатан агIор а кхочуш делахь. Цундела, шариIат девзаш волчуьнга хьайн хьал ма-дарра дIа а дийцина, цхьаъа хIума лечкъа а ца деш цунна иза дIа а довзийтина, и Iелам-стаг хьажийта веза ахь хьайна и ахча бусалба динан агIор до́гIуш ду йа дац. ДогIуш делахь схьаиэца мегар ду ахь иза, догIуш дацахь схьаиэца мегар дац ахь иза, оцу кхиэло хьуна иза до́гIу аьлла сацам бина белахь а.

ТIаккха, масала, оцу кхиэло хьуна кхачийна долчу ахчанах цхьадерг бен хьуна шариIато кхачош дацахь, и шариIато кхачориг бен схьаиэца мегар дац ахь, важадерг хьарам хир ду хьуна.

Нагахь санна шариIатан агIор кхочуш дерг а, доцург а довза аьтту бацахь, хатта стаг вацахь, цуьнан барам билгалбан аьтту бацахь, тIаккха мегар ду оцу кхиэло кхачийна ахча дерриге схьаиэца.[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

27.11.2009

 

 

 

[1] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», фатва № 67540; «Фатава вастишарот ал-исламил-йавм», 2/401, 2/409; «МаджмуI фатава Ибн Баз», 23/214; «Фатава мавкъиI ал-ислам суал ва джаваб», 1/845; «Фатава ал-ладжнатид-даимахI», 23/502.

[2] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», фатва № 100303.