|
|
| Видео |
|
Цхьа хаттар дара сан хьоьга. "ДЖАЗАКУЛУЛЛОХ1АХАЙРАН" бохучу дешан маьIна муха ду?!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! И дешнаш нийса яздича, цхьана борша стаге олуш хилча иштта хуьлу: «Джаза́калло́хIу хайран». Цуьнан маьIна: «АллахIа диканца бекхам бойла хьуна» - ду. Iаьрбийн маттахь дешнийн хIоттам вистхуьлуш волчуьнга хьаьжжина, йа ладугIуш волчуьнга хьаьжжина хийцалуш бу. Цундела, кхетаме хилийта, и дешнаш хийцадаларан кепаш юьйцур ю вай. Цхьана зудчуьнга олуш хилча иштта олу: «Джаза́килла́хIу хайран». Цуьнан маьIна а лакхарниг санна ду. Масех борша стаге олуш хилча, йа божаршка а, зударшка а олуш хилча, иштта олу: «Джаза́кумулло́хIу хайран». Цуьнан маьIна а уьзза ду, делахь а дукхаллин терахьехь ду: «АллахIа диканца бекхам бойла шуна». Цхьаьна божарий а боцуш, къаьсттина зударшка олуш хилча иштта олу: «Джаза́кунналло́хIу хайран». Цуьнан маьIна а хIокхул хьалха дерг санна ду.
И дешнаш бусалба наха аларан бахьана хIун ду? Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу хьадис ду: «Шена цхьана адамо дика хIума динчо (цунна баркаллийна) хIара дешнаш алахь: - «Дала диканца бекхам бойла хьуна» - сов чIогIа (кхачам болуш) хастийна хир ву цо иза».[1] Уьзза хьадис хIокху дешнашца деана а ду: «Шена цхьана адамо диканиг дича, и дика дина волчунна (баркалла олуш) - «Дала диканца бекхам бойла хьуна» - аьлча, сов чIогIа (кхачам болуш) хастийна хир ву цо иза».[2]
И дешнаш шайн юкъахь даьхкина долу цхьадолу хьадисаш дуьйцур ду вай, Суннатан беркат лохуш. Бухарийс а, Муслима а дийцина, Iаишат – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьанхьа новкъахь йоьдуш йолуш туьтеш дайъина хиллера аьлла. И туьтеш цо Асмаэра лело иэцна хилла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – уьш лаха гIур волуш цхьаъ карор варий-те шена аьлча, цхьаболу асхьабаш бахана и туьтеш карадой хьажа, царна юкъахь Усайд а хилла. Уьш туьтеш лохуш болуш ламазан хан тIехIоьттина царна, делахь а цаьргахь ламаз иэца хи ца хилла, цундела иэца ца оьцуш ламаз дина цара. Туьтеш дохьуш юхабаьхкича, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина цара шайна тIехIоьттина хилла хьал, тIаккха лекха хинволчу АллахIа айат доссийна, новкъахь волуш хи доцуш виссинчо тайаммум дан мегаш хилар хоуьйтуш. И айат доьссича, Усайда аьлла Iаишате: «АллахIа диканца бекхам бойла-кх хьуна! Цхьаъа хIума хIоьттина дац хьуна тIе, АллахIа хьуна иза дикчу агIор дерзийна бен, бусалба нахана цунах беркат хилийтина бен». Абу Давуда а, Ибн Ма́джахIас а, Ахьмада а дийцинчу хьадисехь деана ду, адам деллачул тIаьхьа, цуьнан каш чохь цуьнга малийкаша хаттам бинчул тIаьхьа, иза дика адам хиллехь цунна тIе адаман сурьтехь цуьнан Iамал йогIур ю аьлла. Веллачо хоттур ду цуьнга, – хьо ма хаза адам ду, цхьа хаза кхаъ бохьуш догIуш санна хета суна хьо, хьан юьхь дикаллин юьхь ю, мила ву хьо? – аьлла. Цо жоп луш эра ду цуьнга: «Со хьан дика Iамал ю! АллахIаца дуй буу ас, АллахIана муьтIахь хилар ларалучу хIуманна сихо еш хиларца бен вевзина ма вац суна хьо, АллахIана Iеса хиларна тIегIертар меллаша (кIеззиг) долуш бен вевзина ма вац суна хьо! АллахIа диканца бекхам бойла-кх хьуна!». ТIаккха дIайоьллур ю цунна ялсаманин неI а, жоьжахатин неI а, тIаккха эра ду цуьнга (жоьжахате гойтуш): «Хьо АллахIана Iеса хиллехь хьан хир йолу меттиг хIара йара хьуна, АллахIа цуьнан меттина хIара елла хьуна» - тIаккха шена ялсамани гича цо эра ду: «Сан Дела! Сихдехьа къемат де хIоттар!». Амма велларг вон адам хиллехь, малийкаша цуьнга хаттам бинчул тIаьхьа цунна тIевогIур ву цхьа ирча стаг, боьха юьхь йолуш, боьха духар долуш, боьха хьожу а йогIуш. Веллачо хоттур ду цуьнга: «Хьо мила ву? Хьан юьхь воллин юьхь ма ю». Цо эра ду веллачуьнга: «Со хьан боьха Iамал ю. АллахIаца дуй буу ас, АллахIана муьтIахь хилар ларалучу хIуманна меллаша тIегIерташ хиларца бен вевзина ма вац суна хьо, АллахIана Iеса хиларна тIегIертарехь сихалла йолуш бен вевзина ма вац суна хьо! АллахIа вонца бекхам бойла-кх хьуна!». ТIаккха иштта а, иштта а кошан Iазап лур ду цунна. Бухарийс дийцина «Ал-Адабул-Муфрад» жайни тIехь, Абу Муррата дийцинарг, ша Абу ХIурайратца – Дела реза хуьлда цунна – цуьнан махка ваханера аьлла. Ша шен юьрта кхаьчча, Абу ХIурайрас мохь туххуш аьлла: «Делера салам-маршалла а, Цуьнан къинхетам а, Цуьнгара беркаташ а хуьлда хьуна хIай сан нана!». Нанас жоп делла: «Хьуна а хуьлда Делера салам-маршалла а, Цуьнан къинхетам а, Цуьнгара беркаташ а». Абу ХIурайрас аьлла: «АллахIа къинхетам бойла хьох, ахь со жималлехь кхиорна!». Нанас жоп делла тIаккха: «ХIай сан кIант! Хьуна а, АллахIа диканца бекхам бойла хьуна, Иза реза а хуьлда хьуна, ахь хьой воккха хилча сан лерам беш соьца хьо дика хиларна!». 27.04.2009 |