Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Божа-берана, йа борша-стага лерга хIума олла мегий?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

ШариIатан бакъонашка диллича, божа-берана а, борша-стага а лерга хIума олла ца мега. Иза ца магаран масех агIо ю.

 

Зуда-берашна лерга-Iуьргаш дахарх лаьцна долчу хаттарехь вай билгалдира, цхьаболчу Iелам-наха иза магийна ца хилар а, дукхах болчара иза зудаберашна хазаллийна магийна хилар а. Ткъа иза магийна болчу Iелам-наха иза къаьсттина зудаберашна магийна ду, божа-берашна магийна дац, хIунда аьлча иза магоран бахьана зудаберийн хазалле а, кечдаларе а хьашт хилар долу дела, ткъа божаберийн хазалла лерга хIуманаш охкарца хуьлуш яц, йа уьш зудабераш санна кечбеш а бац. И цхьа агIо ю.

Зудаберашна, лергахь хIуманаш лелорхьама лерга-Iуьргаш даха магийначу цхьаболчу Iелам-наха, божаберана лергах Iуьрг даккхар йа хьарам ду аьлла, йа мегаш дац аьлла, йа ца деш Iадда дитича дика дерг ду аьлла. Хьарам ду аьллачерах ву Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «божаберана еш йолу и чов магон бахьана а, хьашт а доцу дела, зудаберана санна; ткъа божабер жима долчу хенахь цуьнан лергахь хIума лелор хазаллийна ду бохург а тидаме лоцу бахьана дац, хIунда аьлча иза иштта доцу дела, цхьаболчарна иза хеташ делахь а».[1] Иза хьарам ду аьлла цхьа дош ду Хьанбалий мазхIабера Iелам-нехан.[2] Иза мегаш дац аьлла билгалдина цхьаболчу Хьанафийн мазхIабера Iелам-наха а: «…чIагарш охкархьама лергаIуьргаш дахар – иза зударийн хазаллийна ду, иза мегара (хьанал) дац божаршна», «божаберийн лергашна Iуьргаш даха а мегаш дац».[3] Божаберашна лерга-Iуьргаш дахар «макрýхI» ду аьллачерах ву Имам Ахьмад бин Хьанбал а, цуьнан и дош дийцина болу цуьнан мазхIабера Iелам-нах а[4]: «божаберана лергах Iуьрг даккхар «макрухI» ду, зудаберана дац, Имам Ахьмада аьлла а ду иза, хIунда аьлча зудабер хаздала а, кечдала а дезаш долу дела, божабер иштта доцу дела».[5] Ткъа, лергах Iуьргаш даьхний бен лерга хIума уллуш ца хилча, божаберашна лергаIуьргаш даха мегаш ца хиларца девза вайна цаьршимма лерга хIума олларан хьукм. Иза шолгIа агIо ю.

Божабершна а, божарша а лергах хIума оллар хIинццалц схьа цкъа а вайна девзина а, йа вайна юкъахь цкъа а лелийна а, йа вай цкъа а тIедитина а хIума дац. Муххале а, вайна юкъахь цхьамма и лелийча, иза сийдоцуш, ша шен сий дайъина лорур вара вайн юкъаралло. Цуьнан бахьана, лакхахь вай Iелам-нехан дешнашца ма-аллара, лерга хIума оллар къаьсттина зударий кечбалар а, хазбалар а ду, цундела божарий церах тарбала йиш яц. Ткъа Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – магийна дац зударий божарех тарбалар а, божарий зударех тарбалар а.[6] Цул совнаха, вай Iадатехь, вайн гIиллакхехь и хIума догIуш доццушехь, иза наха лартIехь лоруш хIума а доццушехь иза лелош верг оьздангаллех воьхна лоруш ву, цундела иза тешаллийна хIотто мегар волуш а вац. КхоалгIа агIо ю иза.

Божарша а, божабераша а лергахь хIума лелор вайна девзина а, йа вай лелийна ца хилча, вайна хаьа иза стенгара схьадогIу – иза керста-нахера схьадогIу. Ткъа, вайн динца а, вайн гIиллакхца а догIуш доцу хIума керста-нахера схьа а эцца лелор церах тарвала гIертар ду, керста-нахах тарвала гIертар мегаш хIума дац: «Цхьана нахах тарвелларг церах ву»[7]. Иза йоьалгIа агIо а ю, божабераша а, божарша а лерга хIума оллар мегаш ца хилар. 

Амма, Имам ТIабаранийс шен «Ал-АвсатI» жайни тIехь дийцина долу хьадис, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – суннат ду аьллера аьлла, ворхIолгIачу дийнахь божаберана цIе тиллар а, иза хадор а, цуьнан корта башар а, цуьнан лергана Iуьрг даккхар а..,  – оцу дешнашца деана долу и хьадис гIийла ду, заьIап ду, цIе тиллар а, хадор а, корта башар а кхидолчу нийсачу хьадисашкахь деана делахь а.[8] Цундела и хьадис хьукм даккха мегар долу хьадис дац.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 

 

 


 

[1] «Тухьфатул-Мухьтадж», Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[2] «Ал-ФурýI», Имам Ибнул-Муфлихь; «Ал-Инсóф», Имам Ал-Мардавий.

[3] «Роддул-Мухьтáр Iалад-Дуррил-Мухтáр», Имам Мухьаммад Iалауддин Ал-Хьисний.

[4] «Ал-ФурýI», Имам Ибнул-Муфлихь; «Ал-Инсóф», Имам Ал-Мардавий.

[5] «Кашшафул-КъинáI Iан Матнил-ИкънáI», Имам Мансур ибн Йунус Ал-БахIýтий.

[6] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и санна болчарна неIалт а аьлла, уьш хIусамашкара арабаха а аьлла аьлла долу хьадис дийцина Бухарис а, кхиболчара а.

[7] Абу Давуд, Ахьмад.

[8] Иза гIийла ду аьлла Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс а, Шейх Ал-Албанийс а.