Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Цхьана коллективехь болх беш иттех стаг ву тха. Тхуна юккъехь ламаз деш берш, боцарш а бу. Даа-мала а тхайна оьцаш, цхьана шуьне ховшар а нисло.

Цхьа накъост, схьалоцар вай Хьенех, оха оьцург яа реза ву, хьа еана, стенна еана ца хоьтташ. Амма шегара эца, я шун хIотто реза вац, бахьана хIоттадо "Ламаз ца дечарна аса яор яц" олий.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Суна хетарехь, цо хIун дича дика хир дара: шун хIоттийна а, юург эцца а, совгIат дина а, муьлхха кхидолу шен аьтту болу бахьана лелийна а, хьаьстина а, Iехийна а, ламаз ца дечуьнга ламаз дайта хьаьжча дика хир дара. Ша́ дара тахана вай массо ламаз деш а волуш, цхьаъ-шиъ бен ламаз деш а воцуш делхьара. Ишттачу хьолехь-м и санна болчаьрца шога хила а мегар хир дара. Амма вайх дукхах берш ламаз даран маьIнех кхеташ ца хилча, кхидIа дерг ца дийцича а уггар коьрта долчу «Бисмиллин» (Фатихьатан) маьIна девзаш а ца хилча, адамех ша́ дIа а ца къехкаш, йа адам шех дIа а ца къехкош, хьекъалаллийца а, кIеда-мерза хиларца а нахана бусалба дин довзуьйтуш къахьега деза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

25.04.2010 = ‏11‏/05‏/1431