Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Iуьйра ламазах лаьцна дара сан хаттар. Со Iачу махкахь (Норвегехь) Iуьйра ламаз хан хилча сирла хуьла, кхечу махкашкахь санна Iаьржа ца хуьла. ТIаккха цхьаболчара ах сахьт ламаз хенал хьалха до, амма и ламазан хан кху махкахь лелош йолу, барт хилла сецна ю, фатва а ду боха. Нийса хуьлий ламаз хенал хьалха дича? Дала диканца бекхам бойла!

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ламаз нийса хиларан билламех ду ламазан хан тIехIоьттина хилар. Нагахь санна Iуьйра ламаз, йа муьлхха а кхидолу ламаз хенал хьалха деш делахь – нийса ца хуьлу. Цундела, нагахь санна цара ламаз хенал хьалха динехь – иза нийса хир дац. Иза хенал хьалха деш ду йа дац царна хуур ду цигарчу маьждигашкахь тIелаьцна лелош йолчу хенашца дуьстича.

Ткъа аш дан дезарг – шайн махкахь долчу маьждигашкахь а, «исламски центаршкахь» а хIиттийна йолчу ламазан хенашца ламаз дар ду. Шайн махкара маьждигашкахь а, бусалба «центаршкахь» а ламазан хенаш муха хIиттийна хьовса. Ламаз хан хIокху хенахь дIайолало, хIокху хенахь чекхйолу аьлла билгалйина хIоттийна цхьа хан хир ю шуна цигахь, и муха ю хьовса, тIаккха цу хена чохь ламаз де.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

11.05.2011 = ‏08‏.06‏.1432